aАрадаккхар 17:1-7.
Numbers 20
Кхадешехь хилларг
(Арадаккхар 17:1-7)
1Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цӀе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дӀа а йоьллира. 2 aЦигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхӀаронна а гонах гул а белла, 3Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна! 4Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хӀунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь? 5ХӀунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!» 6Халкъ долчуьра дӀа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. Везачу Элан олаллин нур хӀоьттира царна хьалха. 7Везачу Эло Мусага элира: 8«Хьайн Ӏаса схьа а эций, ахьа а, АхӀарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тӀулган тархе деха, тӀаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду». 9Веза Эла волчуьра, тӀорказна уллора, Ӏаса схьаийцира Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара. 10Мусас а, АхӀарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогӀа, карзахдаьлла халкъ! ХӀокху тархах даккхий ас шуна хи?» 11Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Ӏаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. 12Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац». 13Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.Эдоман паччахьо исраилхой чекх ца бовлуьйту
14Кхадешера Эдоман паччахьна тӀе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш. 15Тхан дай Мисар-махка дӀабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой. 16Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХӀинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. 17Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тӀехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тӀехула а девр дац, хьан гӀунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агӀор а ца таьӀаш, дӀагӀур дара тхо“». 18Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугӀортахь, оха тӀом бийр бу шуьца». 19Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гӀур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГӀаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гӀуллакх а дацара кхузахь». 20Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш. 21Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дӀабахара исраилхой.АхӀаронан кхалхар
22Кхадешера дӀа а бахана, ХӀор цӀе йолчу лам тӀе баьхкира уьш. 23ХӀор-лам болчохь, Эдоман дозанна уллохь, Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 24«Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхӀарон, кхелхина, шен дайх дӀакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе иза кхочур вац. 25Муса, хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀант ЭлиӀазар а эций, ХӀор-лам тӀе хьалавала. 26АхӀаронна тӀера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кӀантана ЭлиӀазарна тӀеюха. Цигахь АхӀарон кхелхар ву». 27Везачу Эло тӀе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХӀор-лам тӀе бевлира уьш. 28 bАхӀаронна тӀера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиӀазарна тӀеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тӀехь, АхӀарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиӀазар а лам тӀера чувоьссира. 29Массарна а хиира АхӀарон дӀакхелхинийла. Дерриг а Исраилан халкъо ткъе итт дийнахь белхар латтийра иза бахьана долуш.
Copyright information for
CheCAC2012