‏ Numbers 20:22-28

АхӀаронан кхалхар

22Кхадешера дӀа а бахана, ХӀор цӀе йолчу лам тӀе баьхкира уьш. 23ХӀор-лам болчохь, Эдоман дозанна уллохь, Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 24«Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхӀарон, кхелхина, шен дайх дӀакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе иза кхочур вац. 25Муса, хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀант ЭлиӀазар а эций, ХӀор-лам тӀе хьалавала. 26АхӀаронна тӀера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кӀантана ЭлиӀазарна тӀеюха. Цигахь АхӀарон кхелхар ву». 27Везачу Эло тӀе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХӀор-лам тӀе бевлира уьш. 28 aАхӀаронна тӀера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиӀазарна тӀеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тӀехь, АхӀарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиӀазар а лам тӀера чувоьссира.
Copyright information for CheCAC2012