eАрадаккхар 16:1-35.
Numbers 21
КанаӀанхой эшор
1 aКанаӀан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародна хиира, Атарайме богӀучу новкъахула исраилхой схьабогӀуш буйла. Цаьрца тӀаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо. 2ТӀаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чӀагӀо йира: «Нагахь цу халкъана тӀехь толам баккха тхуна Ахь гӀо дахь, оха церан гӀаланаш йохийна охьайохкур ю», – аьлла. 3Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).ЦӀестан лаьхьа
4 bХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда ▼▼ЦӀечу хӀорда – Ӏебархойн маттахь: Эрзийн хӀорда.
тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра. 5 d eДалла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача ▼▼И декъаза кхача – цара буьйцург Мисар-махкара шаьш арадаьхначу хенахь Везачу Эло шайна белла, «манна» цӀе йолу кхача бу.
». 6Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира. 7Мусана тӀе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоӀа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дӀадахахьара алий». Мусас нахана тӀера доӀа дира Везачу Эле. 8Везачу Эло Мусага элира: «ЦӀестан лаьхьа а бай, хьокхана тӀе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву». 9 gМусас, цӀестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тӀе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура. Муаба-махка некъ бар
10Цигара дӀа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой. 11Юха Обатера дӀабахана, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш. 12Цу меттера а дӀа а бахана, Зерад цӀе йолчу тогӀи чохь севцира уьш. 13Цигара дӀабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тӀе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догӀуш дара. 14Цундела аьлла Везачу Элан тӀемех лаьцна долчу тептар тӀехь: «Супа цӀе йолчу арара ВахӀаб-гӀала а,Арнон-хин тогӀеш а,
15цу тогӀийн Ӏар-гӀалина тӀейоьлхуш йолу,
Муаби-мехкан дозана уллохь йолу басенаш а».
16Кхузара дӀа Беар цӀе йолчу метте бахара исраилхой (иза «гӀу» бохург ду). Цу меттехь йолчу гӀунах лаьцна Везачу Эло Мусага элира: «Схьагулде халкъ, Ас хи лур ду царна». 17ТӀаккха исраилхоша йиш лекхира: «Хих хьалаюза, гӀу!
ДӀаала цунах илли!
18Элаша а,
халкъан тхьамданаша а
шайн дарж гойтучу гӀожмашца а,
Ӏасанашца а яьккхина хӀара гӀу».
Яьссачу арара Матана олучу метте дӀабахара исраилхой. 19Матанера Нахьалиал цӀе йолчу метте бахара уьш, ткъа цигара Бамот олучу метте бахара, 20Бамотера Муаби-махкахь йолчу тогӀи чу баьхкира уьш. Цигахь яьссачу аренгахьа бирзина лаьтташ Пасга цӀе йолу лам бара.
Сихьонна а, ӀовгӀана а тӀехь толам баккхар
(Карлабаьккхинарг 2:26–3:11)
21Эмархойн паччахьна Сихьонна тӀе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: 22«Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гӀур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тӀе а ца довлуш, гӀунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гӀур дацара тхо». 23Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дӀабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхӀац цӀе йолчу гӀали уллохь исраилхошца тӀаме велира Сихьон. 24Цунна тӀехь толам а баьккхина, Арнона тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Ӏамминхойн дозанехь севцира, хӀунда аьлча шайн доза чӀогӀа лардора Ӏамминхоша. 25Эмархойн ерриге а гӀаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гӀала а, цунах йозуш йолу кегийра гӀаланаш а ехира цара схьа. 26Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гӀала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тӀом а бина, Арнонна тӀекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. 27Цундела боху илланчаша:«Хьешбон-гӀала гӀо,то а йина, чӀагӀйойла Сихьонан гӀала!
28 hСихьонан гӀалара Хьешбонера схьаяьлла цӀе
массанхьахула а чекхъелира.
Цо ягийра Муабин Ӏар-гӀала,
Арнон-хина тӀехулара гунаш а дагийра.
29Къа ду хьан, Муаби-мохк!
Камош-цӀун халкъ, хӀаллакьхили хьо!
Цо шен кӀентех дӀасабевддарш хилийти,
йоӀарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги.
30Амма оха хӀаллакбина эмархой,
Хьешбона тӀера Дибонна тӀекхаччалц церан гӀаланаш йохийна,
Мейдеба-гӀали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тӀекхаччалц
бассийна церан мохк».
31Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой. 32Мусас масех стаг вахийтира ЯӀзир-гӀалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша. 33Цул тӀаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреӀи-гӀалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тӀамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа. 34Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». 35Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.
Copyright information for
CheCAC2012