‏ Numbers 21:31-35

31Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой. 32Мусас масех стаг вахийтира ЯӀзир-гӀалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша.

33Цул тӀаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреӀи-гӀалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тӀамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа. 34Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». 35Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.
Copyright information for CheCAC2012