Numbers 23
1БалиӀама Балакхе элира: «Кхузахь сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечъяй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а балабе суна». 2Балакха кхочушдира БалиӀама шега де аьлларг. Балакха а, БалиӀама а сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀе цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина доккхура. 3БалиӀама Балакхе элира: «Хьо хьайн дийнаташ дагоран сагӀина уллохь Ӏе, ткъа со кхечу метте дехьавер ву. Веза Эла суна дуьхьалван тарло. Цо суна мел гайтинарг Аса хьоьга дӀаэр ду». БалиӀам ерзинчу лакхенна тӀе вахара. 4Цига Дела веара БалиӀамна хьалха. «Аса сагӀа доккху ворхӀ меттиг кечйина, – элира БалиӀама, – царна хӀоранна тӀехь цхьацца старгӀа а, цхьацца ка а сагӀина лерина багийна ас». 5ТӀаккха Везачу Эло, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира. 6БалиӀам юхавирзича, Балакх хӀинца а дийнаташ дагоран сагӀа доккхучохь лаьтташ вара. Цуьнца цхьаьна лаьтташ бара берриге муабахойн баьччанаш а. 7Делера болу хӀара хаам бира БалиӀама: «Балакха со Арам-махкара схьавалийра,муабахойн паччахьо со малхбалехь болчу лаьмнашкара схьакхайкхира,
„Схьа а волий, неӀалт кхайкхадехьа Якъубан тӀаьхьенна,
сардам боллахьа Исраилан халкъана!“– аьлла.
8Амма Дала неӀалт ца кхайкхийнчунна
аса муха кхайкхор ду неӀалт?
Ткъа Везачу Эло сардам ца боьллинчунна
аса муха буллур бу сардам?
9Ломан боххьера дӀахьаьжча а, го суна и халкъ,
лекхачу гунаш тӀера а хьоьжу со цуьнга.
И халкъ дӀакъаьстина дехаш ду,
кхечу къаьмнашна юкъа а ца догӀу иза.
10Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ?
Исраилан халкъан доьалгӀа дакъа а хьаьнга дагардалур дара?
Делан лаамехь волчун санна дӀакхалхар хилахьара сан а!
Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!»
11Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа суна дийриг хӀун ду те? Аса сайн мостагӀашна неӀалт кхайкхадайтархьама схьавалийна хьо, ткъа хьо уьш декъалбеш ву?» 12БалиӀама, цунна жоп а луш, элира: «Везачу Эло сайга дӀаала аьлларг ма-дарра дӀаала ца деза ткъа аса?»
БалиӀама шозлагӀа бина Делера хаам
13Балакха БалиӀаме элира: «Соьца кхечу метте дӀаволахь, цигара гур дара хьуна и халкъ, дерриге а ца гуш, ткъа цуьнан дакъа гур дара. Оцу меттера дӀа сан дуьхьа неӀалт кхайкхадехьа царна». 14Балакха Пасги-лам тӀехь йолчу Цапим-аренга валийра БалиӀам. Цигахь цо, сагӀа доккху ворхӀ меттиг а кечйина, цхьацца старгӀа а, ка а беана, сагӀа даьккхира. 15БалиӀама Балакхе элира: «Хьо кхузахь дийнаташ дагоран сагӀина юххехь Ӏе, ткъа со дехьаволу, Далла дуьхьал а хӀуттуш». 16ТӀаккха Везачу Эло, БалиӀамна дуьхьал а веана, Балакхе дӀаала дезарг бага а диллина, БалиӀаме Балакх волчу юхаверза элира. 17БалиӀам юхавеача, Балакх дийнаташ дагоран сагӀина юххехь лаьтташ вара, цуьнца цхьаьна муабахойн баьччанаш а бара. Шена тӀевогӀу БалиӀам а гина, Балакха цуьнга хаьттира: «ХӀун боху Везачу Эло?» 18БалиӀама жоп делира: «Балакх, хьала а гӀаттий, ладогӀа соьга!ЛадогӀа соьга Ципуран кӀант Балакх!
19Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту.
Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу.
Ша йинчу чӀагӀонца ца лела ткъа Иза?
Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо?
20И халкъ декъалдар тӀедиллина суна.
Дала уьш декъалбина хилча, сан йиш яц иза хийца.
21Якъубан тӀаьхьенна зулам хирг хилар гуш дац,
Исраилан халкъана бохам хирг хилар гуш дац.
Церан Веза Дела цаьрца ву!
Уьш баккхийберца кхойкхуш бу,
Иза шайн Паччахь хиларна.
22Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ,
бугӀанан маӀашкахь болу ницкъ а болуш.
23Якъубан тӀаьхьенна дуьхьал лелийна бозбунчаллаш а кхочушхир дац,
Исраилан халкъана дуьхьал тесна пал а кхочушхир бац.
Шен хенахь Якъубах лаьцна наха дуьйцур ду,
Исраилах лаьцна эр ду: „Иштта хӀума дина-кх Дала!“
24И халкъ стен лом санна дӀахӀутту,
шен ижу дӀакхаллалц паргӀат ца долу а,
ша хӀаллакдинчеран цӀий дӀамаллалц дӀа ца дуьжу а
лом санна хьалагӀотту иза».
25Балакха БалиӀаме элира: «Ахьа я неӀалт ма кхайкхаде цу халкъана я иза декъал а ма де». 26БалиӀама жоп делира Балакхе: «Ца элира ткъа аса хьоьга, Везачу Эло сайга де аьлларг дийр ду аса аьлла?»
БалиӀама кхозлагӀа бина Делера хаам
27ТӀаккха Балакха элира БалиӀаме: «Валохьа, аса хьо кхечу метте вуьгур вара. Дела реза хила тарло, оцу меттера сан дуьхьа хьоьга царна неӀалт кхайкхадайта!» 28Балакха ПаӀор цӀе йолчу, яьссачу арахьа бирзина болчу ломан боххье вигира БалиӀам. 29«СагӀа доккху ворхӀ меттиг суна кеч а яй, ворхӀ старгӀа а, ворхӀ ка а суна кечбе», – элира БалиӀама. Балакха кхочушдира шега БалиӀама аьлларг. Цо сагӀа доккхучу хӀора меттигна тӀехь, цхьацца старгӀа а, ка а буьйш, сагӀа даьккхира.30
Copyright information for
CheCAC2012