Numbers 24
1БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра. 2Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе. 3БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а,сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
4Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт,
лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
5Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш!
Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш!
6ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш,
хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш!
Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш!
Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!
7Церан чийлакаш ▼
▼Чийлик – иза ведар ду.
чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду,церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду.
АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь.
Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла!
8Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ.
БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь.
Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо,
мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо,
шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе.
9 bДижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ.
Хьан доккхур дара иза меттах?
Хьо декъалвийриг декъала ву,
ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»
10ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу. 11Хьайн цӀа дӀагӀо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгӀатех». 12БалиӀама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тӀебахкийтинчу геланчашка: 13Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!»
БалиӀама шега Делера тӀаьххьара хилла хаам дӀабовзийтар
14«ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». 15БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а,Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
16Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара,
Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу.
Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт,
лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
17Суна иза го, амма иза хӀинцца дац.
Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац.
Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах.
Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара.
Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю,
ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.
18Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу,
шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду.
Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.
19Якъубан тӀаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо,
ткъа гӀалара шаьш кӀелхьарбевлларш хӀаллакбийр бу цо».
20Цу хенахь БалиӀамна Ӏамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь
Ӏамалекхахойн къам хьалхарниг ду,
амма эххар а иза дакъазадер ду!»
21Цул тӀаьхьа кхенахой гира БалиӀамна, цо иштта дешнаш элира: «Шу Ӏаш долу меттиг онда дӀахӀоттийна.
Шун бен тархан лакхенгахь бина бу.
22Делахь а шу, кхенахой, дӀадохур ду,
Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!»
23Цул тӀаьхьа БалиӀама иштта дешнаш элира: «ЭхӀ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те?
24Хитам-гӀайре йолчуьра хӀордкеманаш догӀур ду.
Цара толам боккхур бу Ашуран а, Ӏебаран а халкъашна тӀехь,
амма уьш шаьш а хӀаллакьхир бу!»
25БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен цӀа дӀавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дӀавахара.
Copyright information for
CheCAC2012