Numbers 25
Исраилхоша Шитим-меттехь цӀушна Ӏамалъяр
1Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хӀоттийна Ӏаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. 2Муабахойн зударша шайн цӀушна лерина хӀитточу сагӀанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагӀина деанарг а доура, церан цӀушна Ӏибадат а дора. 3Иштта, цигахь БаӀал-ПаӀор цӀе йолчу цӀунна Ӏамал ян буьйлабелира исраилхой. ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа дарвелира Исраилан халкъана. 4Мусага Везачу Эло элира: «Цу халкъан куьйгалхой берриш а, дӀа а леций, байа а байий, дийнан серлонгахь Везачу Элана хьалха ирхъохка. ТӀаккха Везачу Эло дерриге а Исраилан халкъана Шен дарвалар дӀадоккхур ду». 5Мусас исраилхойн кхелахошка элира: «Шух хӀораммо а шайна юкъара БаӀал-ПаӀор-цӀунна Ӏамал ян буьйлабелларш байа». 6Юха, Муса а, дерриг а Исраилан халкъ а гуламан четарна чуволлучохь тийжаш лаьтташ долчу хенахь, царна массарна а гуш, цхьана исраилхочо маданхойх йолу цхьа зуда шен вежаршна ялийра. 7Шена и дерриг а гича, динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. 8Оцу исраилхочунна тӀаьххье четар чу а ваьлла, цунах а, цуьнца йолчу зудчух а шен гоьмукъ чекх а баьккхина, и шиъ дийра Пайнехьаса. Цо и дешшехь, исраилхой хӀаллак а беш, царна юкъахь даьржина долу ун сецира. 9Цу даьржинчу уьнах велларг ткъе виъ эзар стаг вара. 10Везачу Эло Мусага элира: 11«Динан ден АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран кӀанта Пайнехьаса, исраилхошна юкъахь церан харцделанашка йолу Сан эмгаралла кхиамца гучу а йоккхуш, Исраилан халкъе йолу Сан дералла дӀаерзийра. И бахьана долуш Аса и халкъ хӀаллак ца дира, Сайн эмгаралла хиллехь а. 12Цундела ахьа Пайнехьасе дӀахаийта, Аса бертан весет цуьнга до алий. 13Цуьнга а, цуьнан ерриге тӀаьхьене а весет до Аса, уьш массо а заманахь динан дай хир бу аьлла, хӀунда аьлча шен Делан дуьхьа иза кхиамца лелара, исраилхойн къинош дӀа а дохуьйтуш». 14Маданхойн зудчуьнца вийна волу исраилхо ШимӀин тӀаьхьенах болчу нехан куьйгалхо вара. Салун кӀант Зимари вара иза. 15Ткъа йийначу маданхойх йолчу зудчун цӀе Кузаби яра. Иза маданхойн цхьана тукхаман куьйгалхо волчу Цурин йоӀ яра. 16Везачу Эло Мусага элира: 17«Маданхошка инкарло йолуш а хила, уьш байа а байа, 18хӀунда аьлча шайн мекарлонца цара а шайн шуьга йолу инкарло гайтина. Цара шу ле ма дира, ПаӀор олучу меттехь хиллачу гӀуллакха тӀехь а, маданхойн баьччанан йоӀ йолчу Кузабица доьзна долчу гӀуллакха тӀехь а. ПаӀорехь хилларг бахьанехь нахана ун кхеттачу хенахь Кузаби, гоьмукъ а Ӏоьттина, йийнера».
Copyright information for
CheCAC2012