dАрадаккхар 24:13.
Numbers 27
Цалпихьадан йоӀарий
1Хьепаран кӀентан а, ГалӀадан кӀентан а, Макиран кӀентан а, Маннашан кӀентан а, Юсупан кӀант волчу Цалпихьадан пхи йоӀ яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 2И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дӀахӀиттира. Цара элира: 3«Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кӀентий бацара. 4Тхан ден кӀентий ца хиларна, цуьнан цӀе дуьнен чуьра дӀаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара». 5Мусас и гӀуллакх Везачу Элана тӀедаьхьира. 6Везачу Эло Мусага жоп делира: 7 a«Цалпихьадан йоӀарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догӀуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде. 8Ткъа Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, хӀара дӀахьедар де: „Нагахь цхьаннан кӀант ца хиллехь, иза велча, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан йоӀана дӀадала деза. 9Ткъа нагахь стеган йоӀ а ца хиллехь, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан вежаршна дӀадала деза. 10Нагахь санна цу стеган вежарий ца хиллехь, цуьнан лаьттан дакъа дӀадала деза цуьнан ден вежаршна. 11Ткъа нагахь санна цу стеган ден вежарий ца хиллехь, и лаьттан дакъа цуьнан гаранехь уггаре а юххера волчу гергарчу стагана дӀадала деза, иза цуьнан дола а доккхуш. Веза Эла волчу Аса Мусана тӀедиллина ма-хиллара, исраилхошна юкъахь долу парз хир ду иза“».Мусана тӀаьхьа ЮшаӀ дӀахӀоттар
(Карлабаьккхинарг 31:1-8)
12 bВезачу Эло Мусага элира: «Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнийн регӀахь болчу хӀокху лома тӀе а валий, цу тӀера дӀахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте. 13Цу лаьтте дӀахьаьжначул тӀаьхьа, хьо дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву, хьан ваша АхӀарон дӀа-ма-кхеттара, 14хӀунда аьлча Цин цӀе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхӀарона а, Аса шуьшинна тӀедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цӀе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.) 15Мусас Везачу Эле жоп делира: 16«Ва Веза Эла, муьлххачу а дегӀана чохь долчу синан Дела, хӀокху халкъана тӀехь куьйгалхо хила везарг къобалвехьа, 17 cхалкъ дӀадуьгун волу а, тӀом бечу хенахь нахана тӀехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Ӏу воцу жа санна ца дисийтархьама». 18 dТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кӀантана ЮшаӀана хьайн куьйгаш тӀедахка. 19Иза, динан дена ЭлиӀазарна хьалха а, дерриге а халкъана хьалха а дӀа а хӀоттавай, царна хьалха урхаллин гӀуллакх дарна къобалве. 20Хьайн олаллин дакъа ло цунна, Исраилан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь хилийтархьама. 21 eЮшаӀ динан да волчу ЭлиӀазарца воьзна хир ву, хӀунда аьлча ЮшаӀана тӀера ЭлиӀазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цӀе йолчу безачу тӀулгаца. Везачу Элан тӀедилларца ЮшаӀ а, дерриге а Исраилан халкъ а тӀаме дӀагӀур ду я юхадоьрзур ду». 22Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира Мусас. Динан дена ЭлиӀазарна а, дерриг халкъана а хьалха дӀахӀоттийра цо ЮшаӀ. 23 fЮшаӀана тӀе шен куьйгаш а дехкина, иза къобалвира Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара.
Copyright information for
CheCAC2012