‏ Numbers 27:1-7

Цалпихьадан йоӀарий

1Хьепаран кӀентан а, ГалӀадан кӀентан а, Макиран кӀентан а, Маннашан кӀентан а, Юсупан кӀант волчу Цалпихьадан пхи йоӀ яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца. 2И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дӀахӀиттира. Цара элира: 3«Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кӀентий бацара. 4Тхан ден кӀентий ца хиларна, цуьнан цӀе дуьнен чуьра дӀаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара».

5Мусас и гӀуллакх Везачу Элана тӀедаьхьира. 6Везачу Эло Мусага жоп делира: 7 a«Цалпихьадан йоӀарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догӀуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде.
Copyright information for CheCAC2012