Numbers 28
ХӀора дийнахь доху сагӀанаш
(Арадаккхар 29:38-46)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀе а дуьллуш, ахьа иштта дӀаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагӀанаш дахалаш. И сагӀанаш цӀера тӀехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“. 3Цаьрга иштта дӀаала: „ЦӀера тӀехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагӀа хӀара ду: хӀора денна бан беза дийнаташ дагоран сагӀина лерина шо кхаьчна болу шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Ӏахар. 4Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баго беза, шолгӀаниг – суьйранна. 5ХӀора сагӀанца кӀен сагӀина лерина дан деза шех хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархӀ кад тоьлла дама. 6Иза ду хӀора дийнахь доккху дагоран сагӀа, Синай-лома тӀехь долийна долу. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 7Иштта дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу хенахь чагӀаран сагӀа а даккха деза. ХӀора Ӏахарца цхьаьна дан деза хӀинан доьалгӀа дакъа долу чагӀар. Иза Везачу Элана лерина сагӀа ду, езачу меттехь дотта деза иза. 8Шаьш Ӏуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагӀа, шолгӀа Ӏахар а багош, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа“».Шоьтан дийнахь доху сагӀанаш
9«Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Ӏахар, шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама а, цуьнца цхьаьна чагӀаран сагӀина лерина чагӀар а. 10ХӀора дийнахь доккхучу сагӀина а, цуьнца догӀучу чагӀаран сагӀина а тӀетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагӀа ду иза».Бутт цӀинлучу хенахь доху дагоран сагӀанаш
11«ХӀора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши старгӀа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар. 12ХӀора старгӀица цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кӀен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама. 13Иштта хӀора Ӏахарца дан деза кӀен сагӀина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархӀ кад тоьлла кӀен дама. Иза цӀера тӀехь даьккхина долу дагоран сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 14ЧагӀаран сагӀина лерина цхьана старгӀица цхьаьна аххӀин чагӀар а, коьмаца цхьаьна хӀинан кхоалгӀа дакъа чагӀар а, цхьана Ӏахарца цхьаьна хӀинан доьалгӀа дакъа чагӀар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагӀа даккха деза шеран хӀора бутт болалучу хенахь. 15Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагӀаран а сагӀанел сов Везачу Элана лерина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша».Пасахьан дезачу дийнахь доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:5-14)
16 a«Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина Пасахьан дезде хир ду. 17 bТкъа цу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь кхин дезде а долалур ду. ВорхӀ дийнахь совсоза болчу бедах деттина бепиг даа деза. 18Цу дезачу денойн хьалхарчу дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 19ЦӀера тӀехь даьккхина сагӀа санна, Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила беза. 20Иштта цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 21ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. 22Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 23ХӀора дийнахь, шаьш дохучу Ӏуьйренан дагоран сагӀанел совдахий дахалаш хӀара сагӀанаш. 24Иштта кӀиранан хӀора дийнахь кечделаш шайх йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу а, цӀера тӀехь даьхна долу а хӀара кхачанан сагӀанаш. Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш. 25Цул тӀаьхьа ворхӀалгӀачу дийнахь а беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе».Ялта чудерзоран дезачу денна лерина доху сагӀанаш
(Ӏамалъяр 23:15-22)
26 c«Дуьххьарлера ялта схьаэцаран де долчу, ШавуӀот цӀе йолчу дезачу дийнахь, шайн керлачу ялтих Везачу Элана лерина кӀен сагӀа шаьш даьккхича, аша беза гулам дӀахӀоттабе, ткъа вукху деношкахь санна болу болх ма бе. 27Шех йогӀу хаза хьожа Везачу Элана тамехь хуьлуш долу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха: ши старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. 28Цаьрца цхьаьнадогӀу кӀен сагӀанаш а даха: хӀора старгӀица зайтдаьттанах эдина долу ткъе биъ кад тоьлла кӀен дама а, коьмаца ялхитта кад дама а, 29ткъа хӀора Ӏахарца бархӀ кад дама а. 30Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайн дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама. 31Цу тайпана, хӀора Ӏуьйранна дохуш долчу дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанел совдахий, да Суна уьш, церан чагӀаран сагӀа а доккхуш. Аша сагӀина далош долу дийнаташ шайна тӀехь цхьа а сакхт доцуш хила деза».
Copyright information for
CheCAC2012