‏ Numbers 28:11-15

Бутт цӀинлучу хенахь доху дагоран сагӀанаш

11«ХӀора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагӀанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тӀехь цхьа а сакхт доцу ши старгӀа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар. 12ХӀора старгӀица цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кӀен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кӀен дама. 13Иштта хӀора Ӏахарца дан деза кӀен сагӀина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархӀ кад тоьлла кӀен дама. Иза цӀера тӀехь даьккхина долу дагоран сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. 14ЧагӀаран сагӀина лерина цхьана старгӀица цхьаьна аххӀин чагӀар а, коьмаца цхьаьна хӀинан кхоалгӀа дакъа чагӀар а, цхьана Ӏахарца цхьаьна хӀинан доьалгӀа дакъа чагӀар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагӀа даккха деза шеран хӀора бутт болалучу хенахь. 15Шаьш хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагӀаран а сагӀанел сов Везачу Элана лерина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша».
Copyright information for CheCAC2012