‏ Numbers 29

Локхучу маӀийн деза де

(Ӏамалъяр 23:23-25)

1«ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дӀахӀоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маӀийн деза де хир ду шуна. 2Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагӀа иштта даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. Массо а и дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 3Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 4ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца дан деза бархӀ кад дама. 5Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдайтархьама. 6Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, хӀора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен сагӀанел а, хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел а сов доккхуш ду хӀара сагӀа. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу».

Къинош дӀадахаран дийнахь доху сагӀанаш

(Ӏамалъяр 23:26-32)

7 a«Оцу ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Массо а хӀуманна тӀера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь. 8Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогӀу дийнаташ дагоран сагӀа даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а бай. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 9Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама, 10Иштта оцу хӀора ворхӀ Ӏахарца дан деза бархӀ кад дама. 11Къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагӀанел а, хӀора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел сов цхьа бож къинах долу сагӀа санна яккха еза аша».

Кхалорийн дезачу деношкахь доху сагӀанаш

(Ӏамалъяр 23:33-44)

12 b«ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхӀ дийнахь дазде аша. 13Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: кхойтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Ӏахар а. И дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 14Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: кхойтта старгӀанах хӀоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хӀоранца ялхитта кад дама, 15бейтта Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама. 16Къинан сагӀина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хӀора дийнахь дохучу дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьхна дохуш долу сагӀанаш.

17ШолгӀачу дийнахь яло еза шийтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 18СтаргӀанашца а, койшца а, Ӏахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха, шайна тӀедиллина ма-хиллара. 19Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

20КхозлагӀчу дийнахь яло еза цхьайтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 21Цаьрца цхьаьна дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина долу хӀума, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара. 22Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

23ДоьалгӀачу дийнахь яло еза итт старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза. 24Цаьрца а дан деза кӀен сагӀина а, чагӀаран сагӀина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза. 25Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

26ПхоьалгӀачу дийнахь яло еза исс старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 27Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза. 28Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

29ЙолхалгӀачу дийнахь яло еза бархӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 30Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина. 31Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

32ВорхӀалгӀачу дийнахь яло еза ворхӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 33Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза. 34Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

35БархӀалгӀачу дийнахь беза гулам дӀахӀоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь. 36Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза. 37Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза. 38Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина, къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а, бертан а сагӀанаш даха. Шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш».39

Copyright information for CheCAC2012