Numbers 3
АхӀаронан тӀаьхье
1ХӀара ду АхӀаронан а, Мусан а тӀаьхьенах хилларг, Синай цӀе йолчу лам тӀехь Веза Эла Мусага вистхиллачу хенахь. 2 aАхӀаронан кӀентийн цӀераш хӀорш ю: дуьххьарлера доьзалхо вара Надаб, цул тӀаьхьа бина кӀентий бара АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар. 3Уьш яра динан дай хиллачу Далла гӀуллакх дан леррина къобалбинчу АхӀаронан кӀентийн цӀераш. 4 bНадаб а, АбихӀу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цӀе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цӀе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхӀарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиӀазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гӀуллакх дора.Левин тайпа къобалдар
5Везачу Эло Мусага элира: 6«Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхӀаронна хьалха дӀахӀиттабе, цаьрга цунна гӀуллакх дайтархьама. 7АхӀаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. 8Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегӀаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. 9АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀало и левихой. Исраилан тӀаьхьенах уьш леррина АхӀаронан кара дӀабелларш бу. 10АхӀарон а, цуьнан кӀентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гӀуллакх цаьрга лардайтархьама. И гӀуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гӀортахь, иза вуьйр ву». 11Везачу Эло Мусага элира: 12«ЛадогӀа! Ас-Айса левихой хаьржина исраилхошна юкъара хьалха дуьнен чу бевллачу берриге а исраилхойн кӀентийн метта. Иштта, левихой Сан долахь хир бу, 13 cхӀунда аьлча доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а Сан долахь бу. Айса мисархойн хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий берриге а байинчу дийнахь, исраилхойн доьзалшкахь хьалха дуьнен чу бевлла массо а кӀентий а, иштта хьалха хилла массо а дийнаташ а Сайн битина Аса. Уьш Сан хила деза. Со Веза Эла ву».Левихой багарбар
14Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира: 15«Левин тӀаьхье шайн доьзалшца а, шайн тукхамашца а ягаръе. Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу хӀора кӀант вагарве». 16Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Цо тӀедиллинарг кхочуш а деш, уьш багарбира Мусас. 17Левин кӀентийн цӀераш яра: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.18ГӀиршанан тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Ливани, ШамаӀи.
19КхахӀатан тӀаьхьенах болчеран цӀераш церан тукхамашца яра: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.
20Мерарин тӀаьхьенан цӀераш церан тукхамашца яра: Махьли а, Мушхьи а.
Уьш Левин тӀаьхьенан тукхамаш ду, церан доьзалшка хьаьжжина. 21ГӀиршанах даьллера Ливанин а, ШамаӀин а тукхамаш. Уьш ГӀиршанах девлла тукхамаш дара. 22Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ворхӀ эзар пхи бӀе боьрша стаг вара (7500). 23ГӀиршанан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна тӀехьа, малхбузехьа агӀор, дӀахӀотто безара. 24ГӀиршанан доьзалийн баьчча вара Лаалан кӀант Элъясайп. 25ГӀиршанан тӀаьхьенах болчарна тӀедиллинера гуламан четаран иштта хӀуманаш Ӏалашъян: чухуларчу четаран а, тӀехуларчу четаран а, четарна тӀехула лаьцначу кхалоран а, четарна чуволучу меттехь йолчу шаршун а, 26четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолчу шаршуйн а, кертан кевнехь йолчу шаршун а, цаьрца доьзна долчу машшийн а. Цул сов, царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар. 27КхахӀатах схьадаьллера Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тукхамаш. Уьш КхахӀатан тукхамаш дара. 28Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш бархӀ эзар ялх бӀе стаг вара (8600). КхахӀатан тукхамна тӀедиллинера еза хӀуманаш ларъян. 29КхахӀатан тӀаьхьенийн тукхамаша шайн меттамотт Делан четарна къилбехьа агӀор дӀахӀотто безара. 30КхахӀатан доьзалийн баьчча вара Ӏузиалан кӀант Эли-Цапан. 31Цара дола дан дезачунна юкъайогӀура хӀара хӀуманаш: Делан тӀорказ а, стол а, стогар а, кхерчаш а, четарна чохь гӀуллакх дан леррина язйина пхьегӀаш а, четаран уггар езачу чоьнна хьалха оьллина кирхьа а, иштта цаьрца боьзна болу белхаш бар а. 32Левихойн баьччанашна тӀехь волу баьчча вара динан да волчу АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар. Еза хӀуманаш Ӏалашъеш болчарна тӀехь куьйгалла дан къобалвинера иза. 33Мерарих схьадаьллера Махьлин а, Мушхьин а тукхамаш. Уьш Мерарин тукхамаш дара. 34Цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша стаг вагарвича, уьш ялх эзар ши бӀе стаг вара (6200). 35Мерарин доьзалийн баьчча вара Абу-Хьаилан кӀант Цуриал. Цара шайн меттамотт Делан четарна къилбаседехьа агӀор дӀахӀотто безара. 36Мерарин тӀаьхьенна дола де аьлларш хӀара хӀуманаш яра: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а, берриг цуьнан гӀирс а. Царна тӀедиллинера оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар. 37Иштта цара дола дан дезара: гонахарчу кертан бӀогӀамийн а, церан баххийн а, машшаш чӀагӀдеш тухуш долчу дечиган хьостамийн а, машшийн а. 38Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн меттамотт Делан четаран малхбалехьа агӀор, гуламан четарна хьалхахь дӀахӀотто безара. Царна тӀедиллинера Делан четар лардар – иза дерриге а исраилхойн дуьхьа деш долу гӀуллакх дара. Ткъа нагахь царна юкъара воцу цхьаъ цунна улло гӀоьртича, иза вен дезара. 39Везачу Эло тӀедилларца Мусас а, АхӀарона а вагарвина волу цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу верриге а боьрша левихо, церан тукхамашка хьаьжжина, ткъе ши эзар вара (22000).
Дуьнен чу хьалха бевллачийн метта левихой хӀиттор
40Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан тӀаьхьенах дуьнен чу хьалха бевллачу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан ерш багарбе, церан хӀораннан цӀе дӀа а язъеш. 41Хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу исраилхойн метта левихой, дӀа а къастабай, Суна лерина хилийта. Со Веза Эла ву! Ткъа исраилхойн хьалха дуьнен чу даьллачу бежанийн метта левихойн бежанаш а Суна лерина хилийта». 42Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, исраилхойн хьалха дуьнен чу бевлла берриге а кӀентий багарбира Мусас. 43Уьш верриге а шайн цӀерашца дӀаязбина болчу боьршачу нахах цхьа бутт а, цул лакхара а хан йолу ткъе ши эзар ши бӀе кхузткъе кхойтта стаг вара (22273). 44Везачу Эло Мусага элира: 45«Исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэца, иштта левихойн бежанийн метта церан бежанаш схьаэца, левихой Сан долахь хилийтархьама. Со Веза Эла ву. 46Левихойн барамал сов волчу исраилхойн хьалха дуьнен чу ваьллачу ши бӀе кхузткъе кхойтта кӀантана тӀера мах схьаэца. 47Цхьана стагана тӀера пхи шекхал схьаэца, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхалан барам чу ткъа гер ▼▼Гер – цхьа гер 0,6 грамм озаран барам бу.
догӀу). 48И ахча АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера дӀало». 49Мусас схьаийцира оцу совбевллачу исраилхойн метта дӀалуш долу ахча. 50И ахча схьаэцнера исраилхойн хьалха дуьнен чу бевллачу боьршачу нахана тӀера. Цхьа эзар кхо бӀе кхузткъе пхиъ шекхал дети ахча, дезачу шекхалан бараме хьаьжжина, схьаийцира царна тӀера. 51Левихойл совбевллачу исраилхошна тӀера, мах а белла, схьаэцна и ахча, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, АхӀароне дӀаделира Мусас.
Copyright information for
CheCAC2012