Numbers 3:5-10
Левин тайпа къобалдар
5Везачу Эло Мусага элира: 6«Левин тайпанах берш, схьа а гулбай, АхӀаронна хьалха дӀахӀиттабе, цаьрга цунна гӀуллакх дайтархьама. 7АхӀаронан а, дерриге а халкъан а дуьхьа гуламан четарна хьалха ха дайта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх байта цаьрга. 8Массо а исраилхойн дуьхьа гуламан четаран ерриге пхьегӀаш а ларъяйта цаьрга, иштта четарца боьзна болу болх а байта цаьрга. 9АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀало и левихой. Исраилан тӀаьхьенах уьш леррина АхӀаронан кара дӀабелларш бу. 10АхӀарон а, цуьнан кӀентий а къобалбе, шайн динан дайн даржехь лело дезаш долу гӀуллакх цаьрга лардайтархьама. И гӀуллакх дан левихойх воцу цхьаъ гӀортахь, иза вуьйр ву».
Copyright information for
CheCAC2012