Numbers 30
1Везачу Эло шена тӀедиллинарг дерриге а дӀадийцира Мусас Исраилан халкъе.Нигат дарх лаьцна
2Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хӀара тӀедуьллу: 3 aНагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тӀе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо. 4Нагахь шен ден цӀахь Ӏаш йолчу йоӀстага Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, 5ткъа цу йоӀан дена, цо дина нигат я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан цо дехкар дӀахезча, дуьхьало а ца еш иза ӀадӀийча, йоӀа мел дина нигат а, цо, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина хӀума а кхочушдан деза. 6Ткъа нагахь цу йоӀан дена, и хӀума дӀа а хезна, цо дуьхьало яхь, цо мел дина нигат а, я цу йоӀа, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина мел долу хӀума а кхочушдан дезаш дац. Везачу Эло цунна гечдийр ду, цу йоӀан дас цунна дуьхьало йина дела. 7Нагахь и йоӀ маре яханехь, ша дина нигат я, шен сих дуй а бууш, дукха сихъелла ша делла дош шена тӀехь доллушехь, 8ткъа цуьнан майрачо, шена и дӀахезча, цхьа а тайпа дуьхьало ца яхь, цу йоӀа дина нигаташ а, я, шен сих дуй а бууш, цо ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушъян езаш ю. 9Ткъа нагахь маре яханчу цу йоӀан майрачо, шена дӀахезча, дуьхьало яхь, йоӀана тӀехь долу нигат а, дукха сихъелла шен сих цо делла дош а майрачо дохор ду, Везачу Эло цу йоӀана геч а дийр ду. 10Йисина я дӀакъаьстина Ӏаш йолчу зудчо дина нигат – шен сих цо ша йихкина муьлхха а чӀагӀо – кхочушъян езаш ю. 11Нагахь зудчо шен майрачун цӀентӀехь нигат динехь я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, 12ткъа майрачунна иза дӀахезча, цо, вист а ца хуьлуш, дуьхьало а ца еш, иза дитинехь, цу зудчо дина нигаташ а, цо, шен сих дуй а бууш, ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушхир ю. 13Амма нагахь санна зудчун майрачо шена и дӀахезча, уьш дохадахь, зудчун багах мел даьлла нигат а, цо шена доьхкуш йина чӀагӀо а кхочушъян езаш яц. Цуьнан майрачо и хӀума дохийна дела, Везачу Эло цу зудчунна гечдийр ду. 14Цу зудчо дина муьлхха нигат а, дуй а бууш, цхьа хӀума ца дан цо йина муьлхха чӀагӀо а тӀеэца а, тӀе ца эца а бакъо ю цуьнан майрачун. 15Ткъа нагахь майрачо хенан йохаллехь, дуьхьало а ца еш иза дитинехь, цо шен зудчо мел дина нигат а, цо шена доьхкуш мел йина чӀагӀонаш а тӀечӀагӀйо, шена дӀахезча, цунах лаьцна хӀумма а ца олуш, ша иза Ӏадйитина дела. 16Ткъа нагахь шена и дӀахезча, тӀаьхьо, цхьа хан яьлча, стага и чӀагӀонаш йохаяхь, цо ша жоьпе озор ву». 17Иштта ду майрачунна а, зудчунна а юкъахь йолчу а, дена а, ден цӀахь Ӏаш йолчу цуьнан йоӀана а юкъахь йолчу а юкъаметтигех лаьцна Везачу Эло Мусагахула тӀедехкина долу парзаш.
Copyright information for
CheCAC2012