Numbers 31
Маданхошна бекхам бар
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилан халкъана тӀера маданхошна бекхам бе, цул тӀаьхьа хьо, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву». 3Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тӀаме бахийта уьш. 4Исраилхойн дерриге а тайпанашкара хӀора тайпанна юкъара эзар стаг тӀаме дӀахьажаве». 5Иштта, хӀора тайпанара эзар стаг дӀа а къастийна, тӀом бан кийча волу шийтта эзар исраилхо къобалвира цо. 6ХӀора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас а тӀаме дӀахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дӀаелира езачу меттера йолу пхьегӀаш а, тӀамехь локху турбанаш а. 7Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, тӀамца маданхошна тӀебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара. 8Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаӀ. БеӀаран кӀант БалиӀам а вийра цара туьраца. 9Ткъа маданхойн зударий а, церан бераш а исраилхоша йийсаре дигира. Церан дерриге а хьайбанаш а, жаш а, церан долахь хилла долу хӀума а шайна хӀонсана дӀадаьхьира цара. 10Маданхойн долахь хилла йолу ерриге а гӀаланаш а, меттаметтанаш а цара цӀе тесна ягийра. 11Шаьш схьаяьккхина ерриг хӀума а, шайн хӀонс а – адамашна тӀера хьайбанашна тӀекхаччалц йолу ерриге а хӀума – схьа а эцна, 12Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь болчу шайн меттаматте, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, Исраилан халкъана а тӀеяьхьира цара.ТӀемалой юхаберзар
13Муса а, динан да ЭлиӀазар а, халкъан берриг куьйгалхой а, меттаматтара ара а бевлла, тӀамера юхабирзинчу тӀемалошна дуьхьалбахара. 14Муса оьгӀазвахара тӀамера цӀа бирзинчу тӀеман хьаькамашна – эзарна а, бӀенна а тӀехь хӀиттийначу хьаькамашна. 15Мусас цаьрга элира: «Берриг а зударий дийна хӀунда битина аша? 16 aБалиӀаман хьехамца ПаӀор цӀе йолчу меттехь исраилхой Везачу Элах дӀаберзийна болу зударий уьш ма бу! И бахьана долуш Везачу Элан халкъана юкъахь адам хӀаллакдеш ун ма даьржинера. 17Иштта, байъий, дӀабаха берашна юкъара берриг кӀентий а, стагах кхетта болу берриг зударий а. 18Ткъа зударшна юкъара цхьана а стеган куьг кхетаза болу йоӀарий шайна дийна бита. 19Ткъа хӀинца шуна юкъара шен карах адам делла мел верг а, дийначу адаман докъах дӀа мел хьакхавелларг а шайн меттаматтана арахьа а валий, ворхӀ де даккха, ткъа кхозлагӀчу а, ворхӀалгӀачу а деношкахь шаьш а цӀанло, шайн йийсарехь берш а цӀанбалийта. 20Ерриг а бедарш йитта, тӀаьрсигах а, гезарийн тӀергӀах а йина йолу ерриг хӀума а цӀанъе, иштта дечигах йина ерриге а пхьегӀаш а цӀанъе». 21Динан дас ЭлиӀазара тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошка элира: «Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина долу товрат-хьехаман парз иштта ду: 22деши а, дети а, цӀаста а, эчиг а, гӀели а, даш а, 23дерриг а цӀергахь дахчо мегаш долу хӀума, иза цӀандархьама, цӀерах чекхдаккха. Цул сов, и дерриг а хица цӀанде. Иштта цӀергахь догур долу хӀума а хих чекхдаккха. 24Шайна тӀера бедарш ворхӀалгӀачу дийнахь аша йитта еза. Цул тӀаьхьа шу Далла хьалха цӀена хир ду, шуна меттаматте дахка магийтина ду».ХӀонс екъар
25Везачу Эло Мусага элира: 26«Схьаяьккхина еана хӀонс ахьа а, динан дас ЭлиӀазара а, халкъан тайпанийн куьйгалхоша а ягаръе, адамашна тӀера дуьйна бежанна тӀекхаччалц. 27И хӀонс шина декъе екъа тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошна а, дисинчу халкъана а юкъахь. 28ТӀамехь хиллачу тӀемалошкара Везачу Элана йогӀучу йолана схьаэца хӀора чохь са долчу пхи бӀе хӀуманна юкъара цхьаъ – адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагӀий я гезарий уьш елахь. 29Церан ахдекъана юкъара схьа а эций, динан дега ЭлиӀазаре дӀало иза, Везачу Элана совгӀатна лерина. 30Исраилан халкъан ахдекъах схьадаьккхинчух хӀора шовзткъе иттанна юкъара цхьаъ схьаэца – адамаш а, хьайбанаш а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а уьш елахь. Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀало уьш». 31Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира иза Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а. 32ТӀемалоша тӀамера еанчу хӀонсах йисинарг хӀара яра: жимачу даьхни юкъара ялх бӀе кхузткъе пхийтта эзар дийнат, 33доккхачу даьхних кхузткъе шийтта эзар дийнат, 34кхузткъе цхьа эзар вир, 35цкъа а стагах кхетаза болчу зударех – ерриг а ткъе шийтта эзар йоӀстаг. 36ТӀамехь хиллачеран ахдекъана юкъадогӀура жимачу даьхни юкъара кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат 37(царах Везачу Элана совгӀатна лерина ялх бӀе кхузткъе пхийтта дийнат дара), 38доккхачу даьхних ткъе ялхитта эзар дийнат (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе шийтта дийнат дара), 39ткъе итт эзар пхи бӀе вир (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе цхьа вир яра), 40ялхитта эзар адам (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ткъе шийтта адам дара). 41Мусас, Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Цунна совгӀатна лерина йолу ял динан дега ЭлиӀазаре дӀаелира. 42ТӀемалоша деанчух исраилхойн ахдекъах дерг а дӀакъастийра Мусас. 43Исраилан халкъана кхаьчначу ахдекъана юкъадогӀура: жимачу даьхних кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат а, 44Хьайба ткъе ялхитта эзар дара. 45Вир яра ткъе итт эзар пхи бӀе. 46Адам ялхитта эзар дара. 47Исраилхойн ахдекъах шовзткъе иттаннах цхьа дакъа, адамашна юкъара а, бежанашна юкъара а дӀаийцира. И дерриг а, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀаделира. 48Эскаран тобанашна тӀехӀиттийна болу эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаш Мусана тӀебаьхкира. 49Цара Мусага элира: «Ахьа тхан кара схьабелла тӀемалой багарбира хьан ялхоша. Царах цхьа а вайна вац. 50Оха Везачу Элана сагӀина лерина хӀораммо а ша схьаяьккхинчух хӀума еана. Царна юкъахь ю деших йина иштта хӀуманаш: зӀенаш а, пхьаьрсах духку хӀазарш а, пӀелгах духку мухӀарш а, лергах ухку чӀагарш а, коча ухку хӀуманаш а. Уьш оха еана тхайн синойх Везачу Элана мах дӀабалархьама». 51Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а деших йина йолу ерриг а хӀуманаш дӀаийцира. 52Эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамаша Везачу Элана совгӀатна деана долчу дерриг а дешин барам ялхитта эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт шекхал бара. 53ТӀемалоша йоккхуш йолу хӀонс хӀораммо а шена йоккхура. 54Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а эзарнийн а, бӀеннийн а хьаькамашкара схьаийцира и деши. Иза гуламан четар чу деара цара, Везачу Элана хьалха исраилхойх дагалацамна.
Copyright information for
CheCAC2012