‏ Numbers 32

Йордан-хина малхбалехьа даха ховшур долу тайпанаш

(Карлабаьккхинарг 3:12-22)

1Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯӀзиран а, ГалӀадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна. 2Цара, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан баьччанашна а тӀе а баьхкина, элира: 3«Ӏатрут а, Дибон а, ЯӀзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиӀала а, Себам а, Набу а, БаӀун а гӀаланаш 4тӀехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду». 5Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хӀара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».

6Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тӀаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду? 7Везачу Эло деллачу лаьтта тӀе даха дезарх дог хӀунда доккху аша Исраилан халкъан? 8 aАса Кхадеш-БарнаьӀара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза. 9Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тӀе а ца бохуьйтуш. 10 bЦу дийнахь Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо, чӀагӀо а еш, элира: 11„Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀокху халкъана гур дац Аса ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела. 12Кхеназхо волчу Епунин кӀантана Килабана а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а бен гур дац и латта, хӀунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“. 13Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц. 14Ткъа хӀинца, Везачу Элан Исраилан халкъана оьгӀазвахар чӀагӀдалийтархьама, къинойх дуьзна долу шун гара дуьхьалдаьлла, шайн дай санна. 15Нагахь санна шу Везачу Элах дӀадерзахь, Цо юха а дерриг а хӀара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тӀе бохам богӀур бу». 16Цу наха, Мусана тӀе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гӀотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а йийр ю. 17Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дӀагӀур ду, шайн меттиге оха уьш дӀабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чӀагӀйинчу гӀаланашкахь дуьтур ду оха. 18Исраилан халкъах волчу хӀора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дӀалаьцначул тӀаьхьа бен тхешан цӀа доьрзур дац тхо. 19ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».

20Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь – тӀаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь, 21нагахь герз карахь долу шух хӀорра а, Везачу Эло Шен мостагӀий дӀалахккалц, Цунна хьалха Йордан-хил дехьа а валахь, 22нагахь шу, Везачу Элана хьалха и мохк кара а берзийна, кхуза юхадерзахь, Везачу Элана гергахь а, Исраилан халкъана хьалха а шу бехке хир дац, ткъа хӀара латта Везачу Элана гергахь шун долахь хир ду. 23Амма хаа ду шуна, аша иза ца дахь, Везачу Элана дуьхьал аша къа латор ду. Хаа ду шуна, аша латийначу къинна шуна таӀзар дийр ду! 24Шайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а хӀиттае, шайн жашна гӀотанаш а кечъе, амма шаьш дийр ду аьлларг кхочушде».

25Гадахоша а, раабанхоша а Мусага элира: «Хьан ялхоша кхочушдийр ду олахочо шайна тӀедиллинарг. 26Тхан бераш а, зударий а, жаш а, хьайбанаш а ГалӀад-махкарчу кху гӀаланашкахь дуьсур ду. 27Ткъа тӀаме ваха кара герз схьаэцна волу хьан массо ялхо а, шен олахочо ма-бохху, тӀом бархьама Везачу Элана хьалха Йордан-хил дехьавер ву».

28 cМусас дӀахьедар дира динан дега ЭлиӀазаре а, Нунин кӀанте ЮшаӀе а, исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка а. 29Цо цаьрга элира: «Нагахь санна гадахой а, раабанхой а – царах тӀамана кийча волу хӀорра а – Везачу Элана хьалха шуьца Йордан-хил дехьа а бовлахь, шуна хьалха цара и мохк шайн кара а берзабахь, тӀаккха дӀало аша ГалӀад-мохк церан дола. 30Ткъа нагахь санна уьш, карахь герз а доцуш, шуьца цхьаьна Йордан-хил дехьабовлахь, шуьца цхьаьна царна а кхочур ду КанаӀан-махкахь долу лаьттан дакъош».

31Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха. 32Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».

33Мусас дӀаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кӀентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ӀовгӀин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тӀехь йолу гӀаланаш а, гӀаланашна гонах долу латтанаш а. 34Гадахоша юхаметтахӀиттийра иштта гӀаланаш: Дибон, Ӏатрут, ӀаруӀер, 35Ӏатрут-Шупан, ЯӀзир, ЙогӀбахӀа, 36Байт-Нимра, Байт-ХӀаран. Царах гадахоша чӀагӀйина гӀаланаш йира. Иштта шайн жашна гӀотанаш а йира цара. 37Раабанхоша юхаметтахӀиттийра Хьешбон, ЭлиӀала, Кхиръятим, 38иштта Набу а, БаӀал-МаӀун а (тӀаьхьо церан цӀераш хийцинера), иштта Сибма-гӀала а. Шаьш юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна цӀераш техкира цара. 39Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенаша, ГалӀад-махка а бахана, цигара эмархой дӀа а лаьхкина, иза дӀалецира. 40Иштта Мусас ГалӀад-мохк Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенийн дола дӀабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира. 41Маннашан тӀаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дӀалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цӀе тиллира цо. 42Иштта Нобахьас а, вахана, Кхинат-гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а дӀалецира. Оцу гӀалина, Нобахьа аьлла, цӀе тиллира цо.
Copyright information for CheCAC2012