Numbers 33
Мисар-махкара Муаби-махка тӀекхаччалц болу некъ
1ХӀорш ю Мусан а, АхӀаронан а куьйга кӀел а далош, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, Мисар-махкара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, исраилхоша шайн меттаметтанаш хӀиттийна меттигаш. 2Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, халкъо некъ бечу хенахь, уьш севцина меттигийн цӀераш дӀаязйинера Мусас. Иза новкъахь сецна меттигаш хӀорш ю: 3РаӀамсас-гӀалара уьш арабевлира хьалхарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, Пасахьан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь. Мисар-махкарчу массо а халкъана а гуш, майрра новкъа бевлира исраилхой. 4Цу хенахь Везачу Эло хӀаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дӀабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна. 5Цу тайпана, РаӀамсасера ара а даьлла, Сакхат цӀе йолчу меттигехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра Исраилан халкъо.6Сакхатара дӀа а бахана, яьссачу аренан йистехь лаьттачу Атамехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
7Атамера ара а бевлла, БаӀал-Цепонна малхбалехь лаьтта Пи-ХӀахьират йолчу дӀабирзира уьш. Мигдол-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
8Пи-ХӀахьиратера ара а бевлла, хӀорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цӀе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цӀе йолчу меттигехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
9Марра цӀе йолчу меттера ара а бевлла, Элиме баьхкира уьш. Ткъа Элимехь дара шийтта хин хьоста а, кхузткъе итт хурманийн дитт а. Цигахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
10Элимера дӀа а бахана, Эрзийн-хӀордана уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
11Эрзийн-хӀордана уллора дӀа а бахана, Син цӀе йолчу яьссачу аренгахь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
12Син-яьссачу арара дӀа а бевлла, Дупикха цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
13Дупикхара дӀа а бахана, Алуш цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
14Алушера дӀа а бахана, Рапидам цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цигахь мала хи дацара халкъана.
15Рапидамера дӀа а бахана, Синай-яьссачу арахь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
16Синай-яьссачу арара дӀа а бевлла, Кхиброт-ХӀатаъву цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.
17Кхиброт-ХӀатаъвуэра дӀа а бахана, Хьацерут цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.
18Хьацерутера дӀа а бахана, Ритма цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
19Ритмера дӀа а бахана, Римун-Парац цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
20Римун-Парацера дӀа а бахана, Либнехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
21Либнера дӀа а бахана, Рисехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
22Рисера дӀа а бахана, КхахӀилатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
23КхахӀилатера дӀа а бахана, Шапар-лам тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
24Шапар-лам тӀера дӀа а бахана, ХӀаридехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
25ХӀаридера дӀа а бахана, Макхи-ХӀалут цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
26Макхи-ХӀалутера дӀа а бахана, Тахьатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
27Тахьатера дӀа а бахана, ТӀахьирехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
28ТӀахьирера дӀа а бахана, Миткъехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
29Миткъера дӀа а бахана, Хьашмунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
30Хьашмунера дӀа а бахана, Мосиратехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
31Мосиратера дӀа а бахана, Баней-ЯӀакханехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
32Баней-ЯӀакханера дӀа а бахана, Хьор-Хьагид-Гад цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
33Хьор-Хьагид-Гадера дӀа а бахана, Ютбатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
34Ютбатера дӀа а бахана, Ӏабрунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
35Ӏабрунера дӀа а бахана, Ӏецйон-ГӀебар цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
36Ӏецйон-ГӀебарера дӀа а бахана, шайн меттамотт Цин олучу яьссачу арахь, Кхадеш цӀе йолчу меттехь, дӀахӀоттийра цара.
37Кхадеш-меттера дӀа а бахана, Эдом-мехкан дозанехь болчу ХӀор-лома тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
38 aВезачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, динан да АхӀарон ХӀор-лома тӀевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхӀарон цигахь дӀакхелхира. Иза дара пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь. 39АхӀаронан цхьа бӀе ткъе кхо шо дара, иза ХӀор-лома тӀехь дӀакхелхинчу хенахь. 40 bКанаӀан-махкахь къилбехьа вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародана дӀахезира, Исраилан халкъ схьадогӀуш ду аьлла. 41ХӀор-лома тӀера дӀа а бевлла, исраилхоша Цалмуна-меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.
42Цалмунера дӀа а бахана, Пунонехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
43Пунонера дӀа а бахана, Обатехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
44Обатера дӀа а бахана, Муаби-мехкан дозанехь йолчу, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
45Ӏий-Ӏабаримера дӀа а бахана, Дибон-Гадехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
46Дибон-Гадера дӀа а бахана, Ӏалмун-Диблатайм цӀе йолчу меттигехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
47Ӏалмун-Диблатаймера дӀа а бахана, Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнашкахь, Набу-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
48Ӏабарим-лаьмнашкара дӀа а бахана, Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт. 49Муаби-мехкан аренашкахь Йордан-хин йистехь лаьттачу Байт-Яшимут-гӀалина тӀера Абал-Шитаймана тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь дӀахӀиттийра исраилхоша шайн тобанийн меттаметтанаш.
Йордан-хил дехьадалале халкъана бина хьехамаш
50Веза Эла вистхилира Мусага Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь уьш лаьттачу хенахь: 51«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка дӀакхаьчча, 52цу махкахь бехаш болу берриге а бахархой а дӀалахка. Массо а церан тӀулгех хедийна цӀуш а, боьттина бина цӀуш а, сагӀа доккху гунаш а дохаделаш. 53И латта шайн дола а даккхий, цу тӀехь даха охьаховша, хӀунда аьлча и латта Аса шуна дӀаделла, иза шун дола даккхийтархьама. 54 cШайн тайпанашка хьаьжжина, кхаж тасарца дӀадекъа и латта. Гара доккхаха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа кхачийта, ткъа жимаха делахь, цунна жимах долу дакъа кхачийта. Кхаж тасарца царна мел кхочург церан долахь хир ду. Шайн дайн тайпанашка хьаьжжина, шайна юкъахь дӀадекъа и латта. 55Ткъа нагахь санна аша шайна юкъара цу мехкан бахархой дӀа ца лелхабахь, царах шуна юкъахь бисинарш шун бӀаьргашна кӀохцалан коьллаш а, шун агӀонаш тӀе Ӏиттало мехий а санна хир бу. Цара шу дехаш долу латта гаттадийр ду шуна. 56ТӀаккха Айса царна дан леринарг шуна дийр ду Аса“».
Copyright information for
CheCAC2012