Numbers 34
Везачу Эло лур бу аьллачу мехкан дозанаш
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду: 3къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду. 4Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду. 5Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш. 6Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду. 7Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц. 8ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош. 9Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза. 10Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц. 11Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. 12Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц. Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“». 13 a bИсраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза, 14хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна. 15Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду».Латта декъа дӀахӀиттийна куьйгалхой
16Везачу Эло Мусага элира: 17«Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а. 18ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта. 19Церан цӀераш хӀорш ю: ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву; 20ШимӀин тайпанна – ӀамихӀудан кӀант Шамуал; 21Бен-Яманан тайпанна – Кислунан кӀант Эли-Дада; 22Данан тайпанна – ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай; 23Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна – Ийпадан кӀант Хьаниал; 24Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна – Шиптанан кӀант волу эла Къамуал; 25Забулан тайпанна – Парнакан кӀант Эли-Цапан; 26Иссарханан тайпанна – Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал; 27Ашаран тайпанна – Шалумин кӀант АхьъяхӀуд; 28Напталан тайпанна – ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил». 29КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш.
Copyright information for
CheCAC2012