‏ Numbers 35

Левихошна дӀаяла билгалъяьхна гӀаланаш

1 aИсраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина уллохула догӀучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тӀехь йолчу гӀаланех цхьаерш левихошна дӀаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гӀаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дӀадала деза цара. 3Иштта, левихойн долахь гӀаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина. 4ГӀаланашна гонахара, аша левихошна дӀадала деза дежийлаш, гӀаланийн пенашна тӀера дӀадуьстича, массо а агӀор цхьацца эзар дол хила деза. 5ГӀаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дӀадуста, ткъа гӀаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гӀаланашна гонах долу дежийлаш. 6Аша левихошна лур йолчу гӀаланех ялх гӀала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀала хир ю. Оцу ялх гӀаланал сов шовзткъе ши гӀала дӀало царна. 7Аша левихошна дӀаяла еза гонах дежийлаш долу шовзткъе бархӀ гӀала. 8Аша дӀалур йолу гӀаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гӀаланаш сов дӀаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано – кӀезиг гӀаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хӀора тайпано шен долахь йолчу гӀаланех цхьаерш дӀаяла еза».

ДӀалочкъийла йолу гӀаланаш

(Карлабаьккхинарг 19:1-13; ЮшаӀ 20:1-9)

9 bВезачу Эло Мусага элира: 10«Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Шаьш, Йордан-хил дехьа а девлла, КанаӀан-махка чу дахча, 11оцу гӀаланашна юкъара шайна цхьаерш стагана дӀалачкъа гӀаланаш санна харжа. Ларамаза стаг вийнарг цига дӀавада мега. 12И гӀаланаш бекхам лоьхучух дӀалачкъа йиш йолу меттигаш хир ю, стаг вийнарг халкъана хьалха кхел ечу хенал хьалха ца вейтархьама. 13Ткъа аша оцу гӀуллакхна лерина схьакъастийнарг ялх гӀала хила еза. 14Кхо гӀала Йордан-хил сехьа, важа кхоъ КанаӀан-махкахь билгалъяккха. Уьш хила еза лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гӀаланаш. 15Исраилан халкъана а, тӀевеанчунна а, тӀе а веана, шуна юкъахь вехаш волчунна а лерина хила еза уьш. Ларамаза стаг вийна хӀорра а бекхам лоьхучух дӀалачкъа цига дӀавада тарло.

16Нагахь цхьаммо адам даллал чӀогӀа цунна тӀе аьчка хӀума тохахь, иза адам дойург лору. И стаг вен везаш ма ву! 17Нагахь, цхьаннан карахь адам ден а тарлуш болу тӀулг а хилла, цо адам даллал чӀогӀа тӀе тӀулг тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! 18Нагахь, адам ден а тарлуш йолу дечиган хӀума карахь а йолуш, стаг валлал чӀогӀа цхьаммо тохахь, иза адам дийнарг лору. И стаг вен везаш ма ву! 19ЧӀир йоькхуш волчун шен а бакъо ю и стаг вен. И стаг шена дуьхьалкхетча, цо иза вуьйр ву.

20Нагахь стаг валлал чӀогӀа цхьаммо иза дӀатеттинехь я вен дагахь цунна тӀе хӀума кхоьссинехь, 21я нагахь, шен цхьана стагаца мостагӀалла долу дела, иза валлал цунна тӀе куьг тохахь, и стаг вен везаш ву – иза адам дийнарг лору. И стаг шена дуьхьалкхетча, чӀир йоькхуш волчо иза вуьйр ву.

22Амма нагахь цхьаммо шен мостагӀалла доццушехь, цхьаъ дӀататтахь я дагахь а доцуш цунна тӀе цхьа хӀума тӀекхоссахь, 23я нагахь цу стагаца шен мостагӀалла а доццушехь, цунна зуламехь дерг дан а ца луъушехь, и стаг ган а ца гуш, адам лийр долу тӀулг цунна тӀе цо божабахь, иза вала там бу. 24ТӀаккха хӀокху сацамашка хьаьжжина, стаг вийначунна а, цӀий Ӏанорна чӀир йоькхуш волчунна а юкъахь дерг гуламо къасто деза. 25Стаг вийнарг халкъо чӀир йоькхуш волчух кӀелхьарваккха а веза, иза дӀалечкъина хиллачу гӀала юхаверзо а веза. Иза цигахь вита веза, деза зайтдаьтта а хьаькхна, къобалвина волу динан коьрта да дӀакхалххалц. 26Стаг вийнарг, ша лурвоьлла ведда веанчу гӀалин дозанашкахула араваьллехь, 27иза чӀир йоькхучунна цу гӀалина арахьа дуьхьалкхета мега. Ткъа чӀир йоькхуш волчо и стаг вийча, цунна тӀехь цӀий Ӏаноран бехк хир бац. 28ХӀунда аьлча и стаг вийнарг ша къайлаваьллачу цу гӀалахь Ӏан везаш вара, динан коьрта да дӀакхалххалц. Ткъа динан коьрта да дӀакхелхича, адам дийна волу стаг ша ваьхначу метте юхаверза мегар ду. 29ХӀара тӀедехкина парзаш шуна хир ду, миччанхьа шу дехаш хилахь а, шун массо а тӀаьхьенашна.

30 cСтаг мел вийнарг тешаша динчу тоьшаллица бен вен ца веза. Амма стаг вен кхел ярхьама, теш цхьаъ хилла Ӏан ца веза. 31Адам дерна бехке волчун дахарх кхаьънаш ма эца. Адам дойург вен везаш ма ву. 32Нагахь стаг дӀалочкъийла йолчу гӀала дӀаведдехь, динан коьрта да дӀакхалхале иза шен махка верза а, цигахь Ӏан а могуьйтуш, цуьнгара кхаьънаш ма эца. 33Шаьш тӀехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хӀунда аьлча цӀий Ӏаноро латта бехдо. ЦӀий Ӏанийначун цӀий Ӏанадаро бен шена тӀехь цӀий Ӏанийна долчу лаьттан къа дӀа ца доккху. 34Шена тӀехь Со Ӏаш а волуш, шу дехаш долу латта аша бех ма делаш, хӀунда аьлча Веза Эла волу Со исраилхошна юкъахь Ӏаш ву“».
Copyright information for CheCAC2012