‏ Numbers 36

ЙоӀаршна кхачош долчу лаьттан дакъойх лаьцна

1Юсупан кӀентан Маннашан кӀант волчу Макиран кӀентан ГалӀадан тӀаьхьенийн куьйгалхоша, тӀе а баьхкина, Мусана а, исраилхойн доьзалийн баьччанашна а хьалха бист а хуьлуш, 2 aэлира: «Везачу Эло тхан олахо волчу хьуна тӀедиллина, Исраилан халкъан дола а доккхуш, кхаж тасарца лаьттан дакъош декъар. Иштта Везачу Эло тхан олахочунна тӀедиллина тхан вешина Цалпихьадана кхаьчна долу лаьттан дакъа цуьнан йоӀаршна далар. 3Нагахь санна и йоӀарий исраилхойн кхечу тайпанах болчу нахе маре гӀахь, церан лаьттан дакъа, тхан дайн тайпанан долара дӀа а даьлла, уьш маре баханчу нехан тайпанан дола дер ду. Кхаж тасарца тхуна кхаьчначу дакъошна юкъара дӀадер ду и латта. 4Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахӀитторан шо тӀекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТӀаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дӀадер дара».

5Мусас, Везачу Эло шега аьлла ма-хиллара, Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, элира: «Нийса боху Юсупан тӀаьхьенах долчу гарано. 6Цалпихьадан йоӀаршца доьзна Везачу Эло иштта тӀедуьллу: „Шайн бӀаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза. 7Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хӀунда аьлча исраилхойх волу хӀорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза. 8Исраилан халкъах долчу тайпанан лаьттан дакъа шена кхаьчна йолу муьлхха а йоӀ шен ден гаранах долчу тайпанан цхьана стаге маре яха еза. Иза иштта хила деза, Исраилан халкъах волчу хӀоранна а шен дайх дисина лаьттан дакъа кхачийтархьама. 9Лаьттан дакъа цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама а хила деза иза иштта, хӀунда аьлча Исраилан халкъан хӀора тайпанан орамаш шен лаьттаца доьзна хила деза“».

10Везачу Эло Мусана тӀедиллинарг кхочушдира Цалпихьадан йоӀарша. 11Цалпихьадан йоӀарий – Махьила, Тирца, Хьугила, Малка, НуӀат – шайн ден вежарийн кӀенташка маре бахара. 12Юсупан кӀентан Маннашан тӀаьхьенан тукхамашкарчу нехан зударий хилира уьш. Цундела церан лаьттан дакъош церан ден гаранах долчу тайпанан долахь дисира.

13Иштта дара Везачу Эло Мусагахула Исраилан халкъе дина весеташ а, цунна тӀедехкинарш а. Иза дара Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь, уьш болчу хенахь.
Copyright information for CheCAC2012