‏ Numbers 4

КхахӀатан тӀаьхьенах болчу нахана тӀедиллина гӀуллакх

1Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 2«Левин тӀаьхьенах долчу КхахӀатан гаранах болу берриге а боьрша нах багар а бай, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. 3Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе. 4КхахӀатан тӀаьхьенах болчу нахана гуламан четар чохь бан тӀебехкина болу белхаш уггар езачу хӀуманашца боьзна бу.

5 Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тӀорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тӀорказна тӀетасийта. 6Цул тӀаьхьа цу тӀорказна тӀе хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. Ткъа цунна тӀехула сийна бос болу тӀергӀан кӀади а тасий, тӀорказан хьокхий шен чӀагарех чекхдахийта.

7Иштта даздина баьпкаш тӀехь долчу стоьла тӀе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тӀе бошхепаш, еш, боганаш, чагӀаран сагӀанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тӀехь. 8Оцу массо а хӀуманна тӀехула цӀен басахь долу кӀади тӀедиллийта. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. ТӀаккха хьокхий стоьлан чӀагарех чекхдахийта.

9Цул тӀаьхьа сийна бос болу тӀергӀан кӀади тасийта серло луш болчу стогарна тӀе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дӀасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тӀе. 10И ерриг хӀума а, хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийтийта.

11Дашочу кхерчана тӀе а тасийта сийна бос болу кӀади. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, кхерчан чӀагарех хьокхий чекхдахийта. 12Делан четар чохь Ӏамал еш лело къастийна пхьегӀаш сийна бос болчу кӀадина юккъе дӀахьарчае, тӀаккха цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а йиллий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийта. 13Чуьра юкъ дӀа а яккхий, сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а сирла-цӀен бос болу кӀади тасийта. 14Цул тӀаьхьа кхерчана уллохь Ӏамал еш лелош йолу ерриг хӀума а схьагулъяйта: богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш, мӀерий, белаш, боганаш. И ерриге а хӀуманаш кхерча тӀехь йолчу сирла-цӀен бос болчу кӀадина тӀе яхкийта. ТӀаккха оцу хӀуманашна тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чӀагарех чекхдахийта. 15АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Делан четар чуьра езачу хӀуманашна тӀе кӀадеш тасар чекхдаьллачул тӀаьхьа, меттамотт дӀабоккхучу хенахь, кхахӀатхой тӀебахкийта уьш дӀаяхьа. Амма езачу хӀуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама.

Делан четар чуьра и хӀуманаш КхахӀатан тӀаьхьенах болчу наха яхьа еза.

16 Динан да волчу АхӀаронан кӀентан ЭлиӀазаран карахь ду къуьданаш чу дутту даьтта а, хаза хьожа йогӀу хӀума а, хӀора дийнахь дахьаш долу кӀен сагӀа а, къобалваран зайтдаьтта а. Цо дола дийр ду дерриге а Делан четаран а, цунна чохь мел йолчу езачу хӀуманан а, пхьегӀийн а».

17Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 18«Варелаш! Левихойн юкъара КхахӀатан тукхамийн гара дӀа ма даккхийталаш! 19Уггар а езачу хӀуманашна тӀебоьлхучу хенахь, уьш дийна бисийтархьама, аша хӀара дан деза: АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а, Делан четар чу а баьхкина, хӀора кхахӀатхо шен гӀуллакх дечу метте дӀа а хӀоттош, цара дӀаяхьа еза хӀума гайта еза царна. 20Амма кхахӀатхой, езачу хӀуманашка хьажархьама, ур-атталла бӀаьрганегӀар тухучу юкъана а, четар чу баха ца беза, шаьш ца балийтархьама».

ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана тӀедиллина гӀуллакх

21Везачу Эло Мусага элира: 22«ГӀиршанан гаранах берш багар а бай, церан хьесап де, шайн доьзалшка а, тукхамашка а хьаьжжина. 23Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. 24ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш гӀуллакх деш а, хӀуманаш дӀахьош а, хӀара дан деза: 25гӀиршанхоша дахьа деза: чухулара четар а, гуламан четар а, цуьнан кхалор а, цунна тӀехула хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсигах йина йолу кхалор а, четарна чуволучу меттехь йолу шаршу а, 26четарна а, кхерчана а гонах йолу керт нисъеш йолу шаршуш а, кертан кевнехь йолу шаршу а, цаьрца доьзна долу машшаш а, оцу дерригенна а оьшуш болу гӀирс а. Оцу хӀуманашца доьзна дан дезаш мел долу гӀуллакх а кхочушдан деза цара. 27АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а омрица кхочушдан деза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчара шайна тӀедиллина муьлхха а гӀуллакх: хӀуманаш дӀахьош и делахь а, кхин болх шаьш беш белахь а. Цара дӀахьош мел йолчу хӀуманан дола дар тӀедилла царна. 28Цу тайпана белхаш бан беза ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».

Мерарин тӀаьхьенах болчу нахана тӀедиллина гӀуллакх

29«Мерарин гаранах берш багарбе, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. 30Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах багарбе. 31Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дӀаяхьа езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а, 32гонахарчу кертан бӀогӀамаш а, иштта церан баххаш а, чӀагӀдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гӀирс а, оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дӀаяхьа езачу хӀора хӀуманан, цуьнан цӀе а йоккхуш, хьесап де. 33Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».

Левихойн багарбар

34Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а. 35Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах, 36шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт стаг вара (2750). 37Уьш бара КхахӀатан тӀаьхьенах болу гуламан четарна лерина гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.

38Иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а. 39Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах, 40шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ялх бӀе ткъе итт стаг вара (2630). 41Уьш бара ГӀиршанан тӀаьхьенах болу гуламан четарца доьзна гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.

42Мерарин тӀаьхьенах болу нах а багарбира, церан тукхамашца а, доьзалшца а. 43Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах, 44шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, кхо эзар ши бӀе стаг вара (3200). 45Уьш бара Мерарин тӀаьхьенах болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара. 46Иштта Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а вагарвинера Левин тӀаьхьенах волу хӀора стаг а, шайн тукхамашца а, доьзалшца а. 47Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан а, четар дӀадахьа а магийтина болу берриге а нах 48багарбича, бархӀ эзар пхи бӀе везткъа стаг вара (8580).

49Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, уьш хӀора а шайн билгалдаьккхинчу гӀуллакхе дӀа а хӀиттийнера, цара шаьш новкъа довлуш яхьа езарг билгал а яьккхинера. Везачу Эло Мусага динчу омрица, исраилхой багар а бина, церан хьесап динера.
Copyright information for CheCAC2012