‏ Numbers 5:5-8

Зуламаш дарна бекхам бар

5 aВезачу Эло Мусага элира: 6«Иштта дӀаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу 7Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богӀуш болу берриге а мах дӀабала а беза, цул сов пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш. 8Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дӀакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дӀадаха лерина болу ка а бала беза цо.
Copyright information for CheCAC2012