Numbers 6
Назархошна хӀиттийна бакъонаш
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо ▼▼Назархо – ма-дарра аьлча, иза «ша къобалвинарг» ву.
хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь, 3 bцо я чагӀар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагӀарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо. 4Ша назархо хиларан деношкахь, цхьана а тайпана кемсех яьккхина хӀума яа ца еза цо. Ур-атталла кемсийн хӀу а, чкъор а даа ца деза. 5Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза. 6Иштта, ша Везачу Элана лерина къобалвинчу дерриге а деношкахь докъана юххе ваха а мегар дац и стаг. 7Ур-атталла шен да я нана, ваша я йиша дӀакхелхича а, царах хьакха а велла, Далла гергахь ша бехван мегар дац цо, хӀунда аьлча ша Далла лерина къобалваран билгало ю цуьнан коьрта тӀехь. 8Ша назархо хиларан дерриге а деношкахь иза Везачу Элан долахь ву. 9Ткъа нагахь, дагахь а доцуш, цӀеххьана цунна юххехь волу цхьаъ валарна, ша назархо хиларан билгалонна йолу шен коьртара месаш Далла гергахь цо бехъяхь, шен корта ворхӀалгӀачу дийнахь дӀабаша беза цо, хӀунда аьлча цу хенахь иза юха а цӀанлур ву. 10БорхӀалгӀачу дийнахь динан дега иза гуламан четар чу волучу меттехь я ши къоркхокха, я ши кхокха дӀабала беза цо. 11Цхьа кхокха къинан сагӀина, шолгӀаниг – дагоран сагӀина дӀаоьцур бу динан дас оцу стагана тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдархьама, хӀунда аьлча оцу стага докъах хьакхаваларехула къа латийна. Оццу дийнахь шен корта юха а Далла лерина къобалбан беза цо. 12ТӀаккха цо юха а ша Везачу Элана лерина къобалвеш долу назархо хиларан денош дӀадоло деза. Иштта, цу стага цхьа шо кхаьчна боьрша Ӏахар а беана, иза къера хиларан сагӀина дӀабала беза динан дега. Иза назархо хиларан цуьнан денош дӀадайна, и денош цо юха карладаха деза, ша, докъах а хьакхавелла, бехвелла дела. 13 cШен назархо хиларан денош чекхдевлча, назархочунна хӀоттийна товрат-хьехам иштта бу. И стаг, гуламан четарна чу воллучу метте а вигина, 14Везачу Элана лерина сагӀа доккхур ду. Дийнаташ дагоран сагӀина цо бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла Ӏахар. Къинан сагӀина а бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу шаре баьлла жий. Ткъа бертан сагӀина бан беза тӀехь цхьа а сакхт доцу ка. 15Тускар а дан деза, чохь совсазчу бедах деттина хьокхамаш а долуш: зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тӀехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, царна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш а. 16Динан дас и ерриге а хӀума Везачу Элана уллояхьар ю, цул тӀаьхьа къинан сагӀа а, дагоран сагӀа а доккхур ду. 17ТӀаккха совсазчу бедах дина бепиг чохь долу тускар а схьадахьар ду Везачу Элана лерина. Цуьнца цхьаьна ка а бахьар бу бертан сагӀина. Цунна доггӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀа а доккхур ду. 18Гуламан четарна чуволлучохь Везачу Элана лерина йитина йолу месаш дӀа а йохуш, корта дӀабаша беза цо. Бертан сагӀина кӀелахь йолчу цӀерана тӀе йохкур ю и месаш. 19Ша назархо хиларан билгало еш хилла йолу месаш дӀа а яьхна, цу стага шен корта дӀабаьшча, динан дас коьман кхехкийна тӀа цуьнан кара лур ду. Цул тӀаьхьа тускар чуьра цхьацца совсаза бепиг а, буткъа хьокхам а лур бу. 20И ерриг хӀума а, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна, хьалаойур ю динан дас. Иза дегадаран сагӀа ду. Уьш еза а ю, динан ден долахь а ю. Накха а, гӀогӀ а иштта динан дена догӀу. Цул тӀаьхьа цу назархочо чагӀар мала мегар ду. 21Иштта бу назархочунна богӀу товрат-хьехам. Ша назархо хиларна догӀу сагӀанаш даьхна а ца Ӏаш, шен таро елахь, цо Везачу Элана кхин сагӀанаш дахаран нигат дан а тарло. Ша нигат дарца чӀагӀо еш ма-хиллара, назархочун товрат-хьехаме хьаьжжина, иза кхочушдан деза цо“». Динан дайша декъалдар
22Везачу Эло Мусага элира: 23«АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а иштта дӀаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе: 24Везачу Эло шу декъал а дойла,Цо шу лар а дойла!
25Везачу Эло Шен юьхь тӀера серло шуна лепайойла,
Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла!
26Везачу Эло Шен юьхь шуна тӀе ерза а йойла,
Цо шуна синпаргӀато а лойла!“»
27Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цӀе а йоккхуш, исраилхошна тӀехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой».
Copyright information for
CheCAC2012