‏ Numbers 6:1-5

Назархошна хӀиттийна бакъонаш

1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь санна шуна юкъара стагана я зудчунна, Везачу Элана лерина ша къобалвина назархо
Назархо – ма-дарра аьлча, иза «ша къобалвинарг» ву.
хилархьама, шатайпа нигат дан лаахь,
3 bцо я чагӀар, я кхин тайпана вахош долу малар мала ца деза. Иштта цо чагӀарх я кхечу маларх дина къонза а, кемсех дина мутта а мала мегар дац, ткъа керла я якъийна кемсаш а яа мегар дац цо. 4Ша назархо хиларан деношкахь, цхьана а тайпана кемсех яьккхина хӀума яа ца еза цо. Ур-атталла кемсийн хӀу а, чкъор а даа ца деза.

5Ша назархо хила нигат динчу дерриге а деношкахь цу стеган корта ларга мегар дац. Ша Везачу Элана лерина къобалвина денош чекхдовллалц, иза Делан долахь а ву, цо шен коьртара месаш яхъялийта а еза.
Copyright information for CheCAC2012