‏ Numbers 7

Исраилан халкъан тайпанийн куьйгалхоша сагӀина деанарг

1Ша Делан четар дӀахӀоттийна ваьллачу дийнахь Мусас иза а, цу чохь мел йолу хӀума а, сагӀа доккху кхерч а, цуьнца мел болу гӀирс а, даьттанца къобал а бина, базбира. Цо и хӀуманаш ерриге а язйича, 2шайн доьзалийн баьччанаш болу Исраилан халкъан куьйгалхой баьхкира. Халкъ дагардечу хенахь тайпанашна тӀехь куьйгалла деш берш бара уьш. 3Цара Везачу Элана сагӀина лерина совгӀаташ деара: гата тоьхна йолу ялх ворда а, царах дӀабожа шишша сту а. Иштта, халкъан шина куьйгалхочо цхьацца ворда а еанера, ткъа хӀораммо а цхьацца сту а балийнера. Уьш Делан четарна хьалхахь дӀахӀоттийра цара. 4Везачу Эло Мусага элира: 5«Халкъан куьйгалхоша еанарг схьаэца. Гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх деш болчаьрга лелаяйта уьш. Левихошка дӀало уьш, царна шаьш дечу гӀуллакха тӀехь оьшур ю и хӀуманаш». 6Мусас, цаьргара ворданаш а, стерчий а схьа а эцна, уьш левихошка дӀаделира. 7Ши ворда а, биъ сту а ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара кхочушдеш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 8Йиъ ворда а, бархӀ сту а Мерарин тӀаьхьенах болчу нахе дӀабелира, цара деш долчу гӀуллакхашка хьаьжжина. Царна массарна а тӀехьожуш вара динан да волчу АхӀаронан кӀант Итамар. 9Ткъа КхахӀатан тӀаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хӀунда аьлча царна тӀедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дӀабоьлхучу хенахь четаран еза хӀуманаш шайн белшаш тӀехь дӀаяхьар.

10СагӀа доккху кхерч базбинчу дийнахь халкъан куьйгалхоша совгӀаташ деара, кхерч Везачу Элана лерина къобалбархьама. Шайн совгӀаташ цара кхерчана хьалха дӀахӀиттадора. 11Везачу Эло Мусага элира: «ХӀора дийнахь куьйгалхойх цхьаццанга сагӀа доккху кхерч къобалбарна лерина долу шен совгӀат даийта».

12Хьалхарчу дийнахь яхӀудхойн тайпанах волчу Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона шен совгӀаташ деара. 13Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале
Деза шекхал – цхьа деза шекхал шийтта грамм барамал дара.
хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь.
14Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 15Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 16Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 17Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона деана совгӀаташ.

18ШолгӀачу дийнахь иссарханхойн куьйгалхо волчу ЦуӀаран кӀанта Натунаила шен совгӀаташ деара. 19Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 20Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 21Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 22Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 23Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ЦуӀаран кӀанта Натунаила деана совгӀаташ.

24КхозлагӀчу дийнахь забулхойн куьйгалхо волчу Хьелонан кӀанта Элиаба шен совгӀаташ деара. 25Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 26Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 27Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 28Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 29Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Хьелонан кӀанта Элиаба деана совгӀаташ.

30ДоьалгӀачу дийнахь раабанхойн куьйгалхо волчу Шидауран кӀанта Элицура шен совгӀаташ деара. 31Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 32Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 33Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 34Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 35Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Шидауран кӀанта Элицура деана совгӀаташ.

36ПхоьалгӀачу дийнахь шамӀахойн куьйгалхо волчу Цура-Шидин кӀанта Шелумиала шен совгӀаташ деара. 37Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 38Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 39Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар а беанера. 40Къинан сагӀина цхьа бож еанера. 41Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Цура-Шидин кӀанта Шелумиала деана совгӀаташ.

42ЙолхалгӀачу дийнахь гадахойн куьйгалхо волчу ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа шен совгӀаташ деара. 43Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 44Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 45Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 46Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 47Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ДаӀуалан кӀанта Элъясайпа деана совгӀаташ.

48ВорхӀалгӀачу дийнахь эпраймхойн куьйгалхо волчу ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа шен совгӀаташ деара. 49Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 50Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 51Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 52Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 53Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа деана совгӀаташ.

54БорхӀалгӀачу дийнахь маннашхойн куьйгалхо волчу Падацуран кӀанта Гамлиала шен совгӀаташ деара. 55Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 56Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 57Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 58Къинан сагӀина лерина цхьа бой еанера. 59Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бой, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Падацуран кӀанта Гамлиала деана совгӀаташ.

60УьссалгӀачу дийнахь бен-яманхойн куьйгалхо волчу ГидӀонин кӀанта Авданис шен совгӀаташ деара. 61Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 62Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 63Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 64Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 65Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара ГидӀонин кӀанта Авданис деана совгӀаташ.

66УьтталгӀачу дийнахь Данахойн куьйгалхо волчу Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара шен совгӀаташ деара. 67Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 68Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 69Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 70Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 71Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара деана совгӀаташ.

72ЦхьайтталгӀачу дийнахь Ашар-къоман куьйгалхо волчу Ӏухранан кӀанта ПагӀиала шен совгӀаташ деара. 73Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 74Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 75Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, пхи бож, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 76Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 77Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏухранан кӀанта ПагӀиала деана совгӀаташ.

78ШуьйтталгӀачу дийнахь напталхойн куьйгалхо волчу Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа шен совгӀаташ деара. 79Цо еанарг яра: цхьа бӀе ткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бошхап, дезачу шекхале хьаьжжина. Иштта кхузткъе итт шекхал барамехь узуш долу цхьа дато бога. КӀен сагӀина лерина зайтдаьттанца эдина кӀен дама деанера царна чохь. 80Иштта итт шекхал барамехь узуш болу дашо цхьа кад беанера, хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь а долуш. 81Дагоран сагӀина лерина цхьа старгӀа, цхьа ка, шаре баьлла цхьа Ӏахар беанера. 82Къинан сагӀина лерина цхьа бож еанера. 83Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа деана совгӀаташ.

84Уьш дара исраилхойн куьйгалхоша сагӀа доккху кхерч, баз а беш, Везачу Элана лерина иза къобалбечу дийнахь деана совгӀаташ. Цхьаьна а тоьхна, уьш дагардича, церан жамӀ иштта хилира: шийтта дато бога, шийтта дато кад, шийтта дашо кад. 85ХӀора дато бошхепана даханера цхьа бӀе ткъе итт шекхал, ткъа хӀора дато боганна кхузткъе итт шекхал барамехь долу дети. Цу тайпана оцу пхьегӀашна даханчу детин барам бара, дезачу шекхале хьаьжжина, ши эзар диъ бӀе шекхал дети. 86Шайна чохь хаза хьожа йогӀу сегӀаз чохь долчу шийтта кедах хӀора кедана даханера итт шекхал деши, дезачу шекхале хьаьжжина. Оцу дерриге а дашо кедашна даханера цхьа бӀе ткъа шекхал деши. 87Дагоран сагӀина лерина деана дийнаташ дерриге а дара: шийтта старгӀа, шийтта ка, шаре баьлла шийтта Ӏахар. Царна йогӀуш йолу кӀен сагӀина лерина хӀуманаш цаьрца цхьаьна еанера. Иштта къинан сагӀина лерина еана шийтта бож а яра. 88Ткъа бертан сагӀина лерина деанера хӀара: ткъе йиъ старгӀа, кхузткъа ка, кхузткъа бож, шаре баьлла болу кхузткъа Ӏахар. Иштта яра, сагӀа доккху кхерч баз а беш, Мусас иза Везачу Элана лерина къобалбича, сагӀина лерина еана хӀума.

89Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дӀадохучу негӀарна тӀехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура.
Copyright information for CheCAC2012