Numbers 8
Стогаран къуьданаш дӀахӀиттор
1 aВезачу Эло Мусага элира: 2«АхӀаронна тӀе а дуьллуш, цуьнга иштта дӀаала: „Ахь ворхӀ къуьда стогар чу дӀахӀотточу хенахь, цаьрга стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта“». 3АхӀарона кхочушдира иза. Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, стогарна хьалха агӀор йолу меттиг серлаяккхийта АхӀарона къуьданаш дӀахӀиттийра. 4Стогар иштта бина бара. Иза берриге а бухара дуьйна лакхарчу зезагашна тӀекхаччалц туьйсинчу деших бинера. Везачу Эло Мусана гайтина хиллачу суьртехь бинера и стогар.Левихой Везачу Элана гергахь цӀанбар а, къобалбар а
5Везачу Эло Мусага элира: 6«Исраилан халкъана юкъара левихой, схьа а къастабай, цӀанбе. 7Ткъа уьш цӀанбеш хӀара де: къинойх цӀанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тӀе. Шайн догӀмаш тӀера берриге а чо дӀабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тӀера бедарш а йиттийта цаьрга, тӀаккха уьш Суна хьалха цӀанлур бу. 8СтаргӀа а, цуьнца цхьаьна кӀен сагӀина лерина деана долчу зайтдаьттанца эдина дама а схьаэцийта левихошка. ШолгӀа старгӀа къинан сагӀина схьаэца ахьа. 9Левихой гуламан четарна хьалха дӀахӀиттабе. Иштта дерриге а Исраилан халкъ дӀагулде цига. 10Везачу Элана хьалха дӀахӀиттабе левихой, ткъа Исраилан халкъе царна тӀе куьйгаш дахкийта. 11Исраилхошна тӀера долу шатайпа сагӀа санна уьш Везачу Элана хьалха базбайта АхӀароне, Везачу Элан болх бан уьш кечбархьама. 12Ткъа левихошка шайн куьйгаш старгӀанийн кортош тӀе дахкийта. Царах цхьаъ – къинан сагӀа, шолгӀаниг – Везачу Элана лерина долу дагоран сагӀа даккха деза, левихойн къинош дӀадахархьама. 13АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а хьалха левихой дӀа а хӀиттабай, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа уьш. 14Цу тайпана левихой Исраилан халкъах дӀакъастабе, уьш Сан долахь хилийтархьама. 15Цул тӀаьхьа левихошна пурба ло гуламан четарна уллобаха а, цуьнца боьзна болу болх бан а, хӀунда аьлча уьш, цӀан а бина, шатайпа сагӀа санна, Суна лерина къобалбина бу. 16Исраилхошна юкъара уьш Суна лерина схьакъастийна бу. Ас уьш, хьалха дуьнен чу ваьлла волчу хӀора исраилхочун метта, Сайн дола баьхна. 17 bИсраилхойн мел хьалха дуьнен чу даьлла хӀума: кӀентех а, бежанех а – Сан ду. ХӀунда аьлча Аса Мисар-махкахь хьалха дуьнен чу даьлларг, кӀентех а, бежанех а, дерриг а хӀаллакдинчу дийнахь уьш Сайн дола бехира. 18ХӀинца Аса Исраилан халкъана юкъара берриге а хьалха дуьнен чу бевллачу кӀентийн метта левихой схьаэцна. 19Уьш, Исраилан дерриге а халкъана юкъара схьа а къастийна, Аса АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дӀабелла, Исраилан халкъан дуьхьа цаьрга гуламан четарца доьзна долу гӀуллакх дайтархьама а, халкъан къинош дӀадахийтархьама а. ТӀаккха бохам тӀебогӀур бац Исраилан халкъана, уьш муьлххачу а хенахь езачу меттигна улло баьхкича». 20Мусас а, АхӀарона а, дерриге а Исраилан халкъо а кхочушдира Везачу Эло левихойх лаьцна олуш Мусана тӀе мел диллинарг. 21Левихоша шайн догӀмаш а цӀандира, тӀера бедарш а йиттира. Цул тӀаьхьа АхӀарона уьш Везачу Элана хьалха шатайпа долу сагӀа санна хьала а айира, царна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочуш а дира, уьш Далла хьалха цӀанбархьама. 22Иза динчул тӀаьхьа левихой гуламан четарца боьзна болу шайн болх бан хӀиттира, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а церан тергам а беш. Везачу Эло левихойх лаьцна Мусана тӀедиллина ма-хиллара, дерриг а кхочушдира цара. 23Везачу Эло Мусага элира: 24«Иштта ду левихойн бакъонех лаьцна дерг. Ткъе пхи шо а, цул сов а хан йолу хӀора левихо Делан четарца доьзна долу гӀуллакх дан хӀотта веза. 25Ткъа шайн шовзткъе итт шо кхаьчча, цара и гӀуллакх дар сацо деза, уьш кхин болх ца бича а бовлу. 26Шовзткъе итт шо я цул сов хан йолчара гуламан четар лардарца доьзначу гӀуллакх тӀехь шайн вежаршна гӀо дан мегар ду, амма четарца боьзна болчу балхах лаьцна аьлча – цара и болх бан ца беза. Иштта лела веза хьо, левихойн лардаран гӀуллакхе хьаьжжина».
Copyright information for
CheCAC2012