a Арадаккхар 12:1-13.
bАрадаккхар 12:46; Яхьъя 19:36.
Numbers 9
ШозлагӀа Пасахь
1 aИсраилан халкъ Мисар-махкара арадаьллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу баттахь Синай цӀе йолчу яьссачу арахь Везачу Эло Мусага элира: 2«Цунна билгалъяьккхинчу хенахь Исраилан халкъе Пасахьан дезде даздайта. 3Цу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, оцу гӀуллакхна билгалъяьккхинчу хенахь, цуьнан массо а парзашка а, тӀедехкинчаьрга а хьаьжжина, кхочушделаш иза». 4Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира Пасахьан дезде даздан дезар. 5Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь, суьйранна, Синай яьссачу арахь Пасахьан дезде даздира цара. Везачу Эло Мусагахула шайна тӀедиллинарг дерриге а кхочушдира исраилхоша. 6Царна юкъахь адамийн докъех куьг Ӏоттадаларца Везачу Элана гергахь бехделла адамаш а дара. Церан бакъо яцара цу дийнахь Пасахьан дезде даздан. Уьш цу дийнахь Мусана а, АхӀаронна а тӀебаьхкира. 7Оцу наха Мусага элира: «Адамийн докъех куьг Ӏоттарна боьха ду тхо Везачу Элана гергахь. ХӀунда яц те тхан а бакъо исраилхошца цхьаьна билгалъяьккхинчу хенахь Везачу Элана лерина сагӀа даккха?» 8Мусас цаьрга элира: «Собарделаш, Везачу Эло шух лаьцна хӀун олу ладугӀу аса». 9Везачу Эло Мусага элира: 10«Исраилхошка иштта дӀаала: „Нагахь шух я шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Ӏоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза. 11Иштта болчара а шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гӀуллакх. СагӀина беана Ӏахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара. 12 bӀуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, цуьнан даьӀахкаш а кег ма е. Пасахьах лаьцна массо а тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, кхочушдан деза исраилхоша и гӀуллакх. 13Ткъа ша цӀена воллушехь я генарчу новкъа ваьлла воццушехь, Пасахьан дезде даз ца динарг шен халкъана юкъара дӀавоккхур ву, цо шен хеннахь Везачу Элана лерина сагӀа ца даккхарна. Иштта волу стаг ша летийначу къинна жоьпе озор ву. 14Шуна юкъахь Ӏаш тӀевеана стаг велахь, ткъа цунна а Везачу Элана лерина Пасахьан дезде даздан лаахь, цо и гӀуллакх, Пасахьан парзаш а, цуьнан тӀедехкинарш а лар а деш, кхочушдан деза. Шун массеран а цхьатерра парзаш хила деза – тӀевеанчу стеган а, шен схьавалар исраилхойх волчуьнан а“».Некъ гойтуш йолу марха
(Арадаккхар 40:34-38)
15 Делан четар дӀахӀоттийначу дийнахь оцу тоьшаллин четарна тӀе марха хӀоьттира. Сарахь дуьйна сахиллалц четарна тӀехула йолу марха цӀе санна гуш яра. 16Иза гуттара а иштта хуьлура: дийнахь четарна тӀехула марха сецна лаьттара, ткъа буьйсанна и марха йогуш йолу цӀе санна хуьлура. 17Четарна тӀера марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура, ткъа и марха сецначу меттехь цара шайн меттамотт дӀахӀоттабора. 18Исраилхой Везачу Элан омрица новкъа а бовлура, Цуьнан омрица совца а совцура. Марха четарна тӀехь сецна лаьттачу массо а ханна исраилхой шайн меттаматтахь совцура. 19Нагахь марха четарна тӀехь сецна дукха лаьттича, исраилхой а, шайга Везачу Эло ма-бохху, кхидӀа новкъа ца бовлура. 20Наггахь и марха четарна тӀехь сецна кӀеззигчу хенахь бен ца лаьттара. Дукха хан я кӀезиг хан иза елахь а, Везачу Элан омрица уьш совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. 21Наггахь, сарахь тӀе а хӀуттий, сахиллалц бен ца соцура марха. Ӏуьйре тӀееача, марха хьалаайалора, тӀаккха исраилхой новкъа бовлура. Дийнахь я буса иза делахь а, марха хьалаайаелча, исраилхой новкъа бовлура. 22Ткъа нагахь марха шина дийнахь я цхьана баттахь, я кхин а дукха йолчу хенахь сецна лаьттича, исраилхой а совцура, новкъа а ца бовлуш. Марха хьалаайаелча, уьш а бовлура новкъа. 23Везачу Элан омрица исраилхой совца а совцура, Цуьнан омрица новкъа а бовлура. Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдора цара Везачу Элан омра.
Copyright information for
CheCAC2012