Numbers 9:9-11
9Везачу Эло Мусага элира: 10«Исраилхошка иштта дӀаала: „Нагахь шух я шун тӀаьхьенах волу цхьаъ, адаман докъах куьг а Ӏоьттина, бехвеллехь, я генна новкъа иза ваьллехь, цо а Пасахьан дезде даздан деза. 11Иштта болчара а шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь суьйранна кхочушдан деза и гӀуллакх. СагӀина беана Ӏахар совсазчу баьпкаца а, къаьхьачу бецашца а баа беза цара.
Copyright information for
CheCAC2012