Ӏийса дуьнен чу валале, 586-чу шарахь Ярушалайм-гӀала йожийча, цхьа хан яьллачул тӀаьхьа дӀаяздина дара хӀара тептар. Оцу хенахь ЯхӀудан халкъан шира мостагӀа хилла болу, къилба-малхбалехь болу Эдом-мохк Ярушалайм йожарх самукъадаьлла лаьттара. Цул сов, ЯхӀудан хьолах пайда а эцна, эдомхоша Ярушалайм-гӀали чуьра хӀонс а йоккхура, ЯхӀудан мостагӀчунна гӀо а дора. Ӏабди-ЯхӀус Делера болу хаам бора, Эдом-мохк таӀзар а дина, иза эшийна хир бу аьлла. Цуьнца цхьаьна изза таӀзар дийр ду Исраилан къоман мостагӀий долчу кхечу къаьмнашна а. Obadiah
Эдоман халкъан бехк
1Ӏабди-ЯхӀу-пайхамарна сурт хӀоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хӀара хаам бира тхоьга,тӀаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дӀахазийра:
«ХьалагӀовтта, Эдомана дуьхьал тӀом бийр бу вай!» – аьлла.
2«Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох,
цундела хьо лорур дац цара.
3Хьо хьайн деган куралло Ӏехийна.
Хьо дехаш ду лекхачу меттехь,
тархийн хераллашкахь.
Ахьа хьайн дагахь боху:
„Мила вара со лаьтта доссо?“
4Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла,
седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а,
Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло.
5«Къуй-м бацара те хьуна баьхкинарш?
Буьйсанна лела талорхой-м бацара те хьуна иштта бохам бинарш?
Цара-м шайна оьшшучул бен хӀума дӀахьур яцара.
Нагахь шу долчу кемсаш лечкъош берш къайлаха чубаьхкича,
цара а буьтур бацара ткъа кемсийн масех буьртиг?
6Ма, чӀим санна, цӀанвина Ӏесав! ▼
▼Ӏесав – исраилхой Якъубах схьабевллера, ткъа эдомхойн да волу Ӏесав Якъубан ваша вара.
Къайлаха мел ерг а ма гучуяьккхина цуьнан!
7Шу шайн бартхоша дозанан йисте кхаччалц дӀалохкур ду.
Шуьца бертахь бехачара, шу ле а дина, эшор ду.
Шуьца цхьаьна шуьне ховшучара шу Ӏовжор ду.
Цара эр ду шух лаьцна: „Мичахь ду церан дерриг а хьекъал?“»
Эдомана таӀзар даран бахьанаш
8«Цхьана дийнахь Ас таӀзар дийр ду Эдомна.Церан хьекъале нах хӀаллак а бийр бу,
церан хьекъалалла дӀа а доккхур ду Ас, – боху Везачу Эло. –
9Хьан тӀемалой, Теман-гӀала, кхерабелла хир бу,
ткъа Ӏесаван лам тӀехь берш хӀаллакбийр бу».
10«Аша шайн вешина Якъубана гӀело ярна,
шуна тӀе эхь дуссур ду,
шу гуттаренна а хӀаллакьхир ду.
11Церан хьал хийрачу наха дӀахьочу дийнахь,
кхечу къаьмнаша, церан кевнехула чу а девлла,
Ярушалаймах кхаж тосучу хенахь,
шу, царах долуш санна, юьстаха лаьттара.
12Шу хьогӀаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне,
церан аьтто боьхначу дийне.
Шу даккхийден ца дезара
яхӀудхой хӀаллакьхуьлучу дийнахь,
аша дозаллаш дан ца дезара
церан бохаман дийнахь.
13Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула
цуьнан ирс дайначу дийнахь.
Ур-атталла хьежа гӀуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь.
Аша цуьнан бахамна тӀе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь.
14Шу некъаш галморзаха довлучу меттехь
латта ца дезара цуьнан бевддарш хӀаллакбархьама,
дийна биснарш дӀабала а ца безара аша
оцу баланечу дийнахь.
15Массо а халкъашна гергадеана
Везачу Элан къематде.
Аша диннарг шуна а дийр ду.
Хьакъ мел дерг шун кортош тӀе доьрзур ду.
16ХӀунда аьлча Сан безачу лам тӀехь
аша маларш мийларе терра,
кхечу къаьмнаша а муьйлур ду уьш массо а хенахь.
Цара кхаьллина дӀадоккхур ду,
тӀаккха, цкъа а ца хилча санна, дӀа а девр ду уьш.
17Ткъа кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь хир ду.
И лам, еза меттиг а хилла, дӀахӀуттур бу.
Якъубан цӀийно шена бакъонца догӀуш долу латта
тӀаьхьалонна доладоккхур ду.
18Якъубан цӀийнах цӀе хир ю,
Юсупан цӀийнах цӀеран алу хир ю,
ткъа Ӏесаван цӀийнах ча хир ду.
И ча дагор ду.
ТӀаккха цхьа а дийна вуьсур вац Ӏесаван цӀийнах».
Иштта боху Везачу Эло.
Делан халкъо юха а шен мохк схьабаккхар
19«Ӏесаван лам къилберачу яхӀудхоша дӀалоцур бу,ткъа акъарешна чуьра болчара пӀелаштамхой кара а берзор бу,
Эпраймера а, Шамранера а аренаш дӀа а лоцур ю.
Бен-Яманан тӀаьхьено ГалӀад-мохк схьабоккхур бу.
20Исраил-мехкан къилбаседерчу агӀонера махкахбаьхначеран эскаро,
юха а деана, КанаӀанан латта Сарпат-гӀалина тӀекхаччалц дӀалоцур ду,
ткъа Ярушалаймера ара а баьхна, Сапрад ▼
▼Сапрад – и гӀала хӀинцалерчу Туркойн махкахь ю.
цӀе йолчу меттигехь баха ховшийначараЯхӀуд-мехкан къилбера гӀаланаш схьайохур ю.
21КӀелхьардаха богӀуш берш
Цийон-лам тӀе богӀур бу Ӏесаван ломана тӀехь олалла дан.
ТӀаккха Везачу Эло Ша паччахьалла дийр ду».
Copyright information for
CheCAC2012