‏ Philippians 4

1Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.

Шайна Ӏеминарг кхочушделаш!

2Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву! 3Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ
Сан тешаме волу СезагӀ – хӀокху цӀеран метта хила тарло: соьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдина волу а накъост.
, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.

4Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!

5Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву. 6Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ма е, амма мел дечу доӀанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дӀахаийта. 7ТӀаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогӀучу синпаргӀатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна долу дела.

8Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е. 9Соьгара шайна Ӏеминарг, дӀаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТӀаккха синпаргӀатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.

СовгӀаташна баркалла олу ПахӀала

10Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гӀайгӀа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хӀинццалц а дара сан гӀайгӀа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта. 11Сайна цхьа хӀума оьшу дела, ца боху аса иза. ХӀунда аьлча сайна хӀуъа а тӀедеача а, со Ӏемина ву сайн долчух тоам а беш Ӏен. 12Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хӀума долуш я хӀума оьшуш велахь а. 13Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хӀума лан хаьа.

14Делахь а аша дика гӀуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна. 15Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра. 16 b cАша-м со Тассалник-гӀалахь волуш а, суна хӀума эшча, мосуьйттазза гӀо динера. 17Сайна совгӀаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гӀуллакхийн кехатна тӀе кхин а хӀуманаш дӀаяздина хилар лоьху ас. 18 dХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву. 19Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду. 20Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин.

Маршаллаш

21Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга. 22Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цӀерачара.

23Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.
Copyright information for CheCAC2012