Philippians 1
1 aДала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга. 2Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.ПахӀала пилапхошна тӀера дина доӀа
3Шу дага мосазза догӀу, аса хастамаш бо сайн Деле. 4Шуна массарна тӀера айса мел до доӀа даим хазахетарца до аса, 5шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела. 6Со теша, шуна чохь и дика гӀуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волу де тӀекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. 7Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гӀуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чӀагӀбечу а хенахь а. 8Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан. 9Аса доьху Деле шун даггара болу безам хӀума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар, 10шайна гӀоле дерг хӀун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шу цӀена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а, 11Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гӀуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а.Дала леррина Къобалвинарг – вайн дахар ду
12Динан вежарий, шуна дӀахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дӀакхайкхорна тӀехь кхин а сов аьтто баьлла хилар. 13 bДала леррина Къобалвинчунна со тӀаьхьахӀоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цӀенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дӀахиънера. 14ХӀинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чӀагӀделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш. 15Бакъду, цхьаболчара хьагӀ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна. 16Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дӀахӀоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела. 17Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цӀена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш. 18Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргӀанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву. 19ХӀунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доӀанашца а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Синан гӀоьнца а со паргӀатвалийта суна диканна дуйла. 20Сайн кӀорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хӀуманна тӀехь юьхьӀаьржачу хӀуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хӀинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а. 21ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Ӏожалла – суна пайда хилар ду. 22Нагахь сан дахар кхидӀа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза. 23Шинна а агӀор Ӏожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хӀунда аьлча иза дуккха а гӀолехь хир дара. 24Ткъа со кху дуьненахь вехаш Ӏар шуна пайдехь ду. 25Оцу тӀехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама. 26ТӀаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу доьзна а долуш. 27Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу. 28Цхьана а хӀуманна тӀехь мостагӀех ма кхера: иза уьш хӀаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кӀелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кӀелхьардовлар Делера хир ду. 29ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Ӏаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна. 30 cШу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тӀамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тӀом бара. Ткъа хӀинца, шуна ма-хаззара, со кхидӀа а оццу тӀамехь лаьтташ ву.
Copyright information for
CheCAC2012