a ЕшаӀ-ЯхӀу 45:23 (Грекийн).
Philippians 2
Дала леррина Къобалвинарг лахвар а, вазвар а
1Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахӀуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тӀекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун? 2Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Ӏалашо а йолуш. 3Цхьа а хӀума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хӀораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш. 4ХӀораммо а, шен-шен бен гӀайгӀа йина ца Ӏаш, кхечун а гӀайгӀа е. 5Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Ӏийса санна хилалаш. 6Делан вастехь Ша велахь а,Цунна ца хетара,
Ша Делах тера хиларх
Ша пайда эца беза аьлла.
7Мелхо а, Шен возалла дӀа а тесна,
лен васт тӀе а эцна,
адамах тар а велла,
тӀехьаьжна а адам хилла Иза.
8Ӏожаллина тӀекхаччалц
Далла муьтӀахь а хилла,
Ша лахара вира Цо.
ЖӀара тӀехь Ша валлалц,
муьтӀахь висира Иза.
9Цундела Дала Иза вазвира,
уггар а лакхарчу даржехь Иза дӀа а хӀоттийна,
10 aстигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш
Ӏийсан цӀе лоруш, гора а хӀиттина, суждане бахийтархьама а,
11Да волчу Делан сийлаллина
Цо леррина къобалвина Ӏийса
Веза Эла хиларх лаьцна
хӀора адаман матте тоьшалла дайтархьама а.
Серлонаш санна, дуьнен чохь лепар
12Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама. 13ХӀунда аьлча Шен дикачу Ӏалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гӀуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву. 14Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш, 15 bДалла хьалха бехк буьллийла доцуш, цӀена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу, 16дахар луш болу кхаъ царна дӀа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хӀунда аьлча тӀаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар. 17Со вен там бу. Ткъа сан валар чагӀаран сагӀанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гӀуллакхдаран сагӀина тӀе Ӏанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со. 18Оцу хӀуманна а соьца цхьаьна даккхийде шу а.Тимапин а, Эпар-Падатин а тешаме хилар
19Веза Эла волчу Ӏийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахӀотторхьама. 20Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гӀайгӀа бийр болуш а сан цхьа а вац. 21Массара а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху. 22Ткъа Тимапи, зийначул тӀаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КӀанта шен деца ма-дарра, цо соьца гӀуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа. 23Сайх хиндерг ма-къаьсттина, иза шу долчу дӀахьажо дагахь ву со. 24Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дӀавогӀур ву. 25Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дӀавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тӀемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гӀуллакх дан ваийтина ма вара. 26Шен цамгарх лаьцна шуна хезна дела, шу массо а ган лууш, воьхна хьийзаш вара иза. 27Иза дӀакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Ӏаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тӀе и сингаттам тӀе ца кхоьтуьйтуш. 28Цундела суна кхин а чӀогӀа лаьа иза шу долчу дӀахьажо: иза юха а ган а гина, шуна хазахетар хилийта а, сайн сингаттамаш лахбалийта а. 29Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тӀеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш. 30ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гӀуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гӀо дора.
Copyright information for
CheCAC2012