Пхьалман Ӏийсах тешаш болчарах лоруш волу цхьаъ вара. Схьахетарехь, Ковлуси-гӀалахь йолчу Ӏийсах тешачийн тобанан декъашхо хилла иза. Цуьнан, Онисам цӀе а йолуш, цхьа лай хилла. И лай шен олахо волчуьра, ведда дӀавахана. Цул тӀаьхьа тутмакх волчу ПахӀална тӀенисвелла иза, ткъа цуьнгахула и лай Ӏийсах теша волавелла. ПахӀала и лай Пхьалман волчу юхавоуьйтуш ву. Пхьалмане яздинчу шен кехата тӀехь векало ПахӀала цуьнга шен леца тан боху. Цо доьху Пхьалмане цуьнан лай гечдина стаг санна а, цул сов, динан ваша санна а тӀеэцар. Philemon
1Оха, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гӀуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а, 2 aиштта динан йише Апияте а, тхоьца цхьаьна динан тӀемало волчу Арихупе а, Пхьалманан цӀерачу динан тобане а. 3Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.Пхьалманан безам а, тешам а
4Даим сайн доӀанашкахь хьо дага а лоьцуш, Далла хастамаш бо аса. 5Ӏийса-Элах хьан тешарх а, массо а Делан нахе хьан болчу безамах а лаьцна хезна суна. 6Аса доӀа до Ӏийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш. 7Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела.Онисамах лаьцна дехар
8Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цӀарах хьоьга майрра дӀахьедан йиш ю сан. 9Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахӀал ву. Цул сов, хӀинца, Дала леррина Къобалвинчунна Ӏамал ярна, со тутмакх а ву. 10 bСайн кӀант айса лоручу Онисамах лаьцна дехар до ас. Со набахтехь лаьцна волуш, иза бакъдолчу дахаре ваьккхира аса. 11Цхьана хенахь-м хьуна пайденна вацара Онисам ▼▼Онисам – иза «пайден» бохург ду.
. Ткъа хӀинца иза хьуна а, суна а пайденна ву. 12Аса юхавоуьйту хьуна иза, хьан кара аса сайн дог дӀалуш санна. 13Хаза кхаъ кхайкхорна со лаьцна волчохь, хьан метта сайна гӀуллакх а дойтуш, иза сацо лиира суна. 14Делахь а хьан пурба доцуш хӀумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гӀуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна. 15Хьанна хаьа: хьо волчуьра цуьнан цхьана ханна дӀавахар гуттаренна а иза юха хьоьга тӀелацийтархьама нисдина хила а ма тарло. 16Лай тӀеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тӀеэцахьара ахьа иза. Суна чӀогӀа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву. 17Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тӀеоьцуш санна, тӀеэцахьа иза а. 18Нагахь санна цо хьуна цхьа халахетар динехь, я иза хьуна декхарийлахь велахь, иза аса сайна тӀелоцу. 19Аса, ПахӀала, сайн куьйга яздо хьоьга: аса дӀатокхур ду и декхар. Ткъа хьайн дахарца хьо суна декхарийлахь хилар-м ас хьехош а дац. 20Цундела, сан ваша, хьо Везачу Элаца волу дела, и гӀуллакх дар доьху ас хьоьга. Синтем бехьа сан дагна Дала леррина Къобалвинчуьнца хьо хиларна. 21И ас дехнарг ахьа дийриг хиларх со тешна волу дела, яздо аса хьоьга. Суна хаьа, аса дехначул а сов ахьа иза дийр дуйла. 22Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доӀанашна жоп а луш, со шу долчу дика дӀакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан. Маршаллаш
23 dМаршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а, 24 eсоьца цхьаьна динан гӀуллакх дӀакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а. 25Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара долу дика хуьлийла шуьца ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: Амин.
.
Copyright information for
CheCAC2012