Proverbs 10
Сулим-паччахьан кицанаш
1ХӀорш ду Сулиман кицанаш. Хьекъалечу кӀанта шен ден дог даккхийдедо, ткъа сонтачу кӀанта ненан дог дохадо. 2Хьарам даьккхинчу ахчанах пайда ца болу, ткъа нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккху. 3Хьаналчу стаге Везачу Эло мацалла хьоьгуьйтур яц, ткъа Ӏесачу нехан лаам Цо дӀатотту. 4Мало ечу куьйгаша стаге къоьлла хӀоттайо, ткъа къахьоьгуш долчу куьйгаша хьал гулдо. 5Аьхка ялта чудерзориг хьекъале кӀант ву, амма ялта чудерзочу хенахь вижина Ӏиллинарг эхье кӀант ву. 6Декъала хилар хьаналчу нахаца ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху. 7Дикачу стагах лаьцна диканна дагадогӀу, амма Ӏесачу стеган цӀе дӀаер ю. 8Хьекъал долчо хьехамаш тӀеоьцу, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу. 9Нийса лелаш волчунна кхерам хир бац, ткъа шен некъаш талхош верг жоьпе озор ву. 10Шен бӀаьргаш мекарлонца теӀабеш волчу стага бала бахьа, ткъа сонта къамел дийраш хӀаллакьхир бу. 11Хьаналчу стеган дешнаш – дахаран хьоста ду, амма Ӏесачу стеган дешнаша нахана еш йолу къизалла къайлайоккху. 12 aЦабезамо девнаш довлуьйту, амма безамо массо а зуламаш дӀахьулдо. 13Къастош долчун багахь хьекъалалла карадо, ткъа гӀаж еттар хьекъал доцучун букъана лерина ду. 14Хьекъалалла долчара хаарш лахьадо, ткъа сонтачара дуьйцучо бохам гергабалабо. 15Хьалдолчун бахам – цуьнан чӀагӀйина гӀала ю, къен волчу стеган бала цуьнан къен хилар ду. 16Хьаналчу нахана йогӀу ял дахар ду, Ӏесачу стеган кхиам къиношна тӀебоьрзу. 17Шена бечу тӀехбеттаме ладугӀуш верг дахаран новкъахь ву, амма ша нис ца войтург тилавелла лела. 18Шен цабезам къайлабохуш верг – аьшпаш буттург ву, ткъа эладита даржош верг сонта ву. 19Дукха луьйш волчуьнгара гӀалат дала мега, амма шен бага сацо хууш верг хьекъал долуш ву. 20Хьаналчу стеган дош цӀена дети ду, ткъа Ӏесачу стеган дог пайда боцуш ду. 21Хьаналчу стеган дешнаша дуккха а нахана кхача ло, амма сонтанаш хӀаллакьхуьлу, шайн хьекъал ца тоарна. 22Везачу Эло декъалваро хьал дахьа, ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху ▼▼Ткъа къахьегаро цунна хӀумма а тӀе ца туху – я иштта: ткъа цунна тӀе бала ца туху Цо.
. 23Сонтаниг вон леларх воккхавеш хиларе терра, хьекъал дерг хьекъалаллех воккхавоь. 24Ӏеса стаг кхоьруш дерг цунна тӀедогӀур ду, ткъа хьаналчу стага сатуьйсуш дерг цунна хир ду. 25ШайтӀанан мох хьаькхча – Ӏеса нах кхин бац, ткъа хьанал нах онддачу бух тӀехь лаьтташ бу. 26Шен олахо малончо шагво, къонзано цергаш шагъяр санна я хьийзош болчу кӀуьро бӀаьргаш къийзор санна. 27Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Ӏесачу нехан шераш дацдина хир ду. 28Дикачу нехан сатийсам ирсе бу, ткъа Ӏесачу нехан дегайовхо кхочушхир яц. 29Везачу Элан некъ кхачаме лелаш волчунна гӀап санна бу, амма харцонаш лелочарна и некъ бухур бу. 30Хьанал нах цкъа а бегийна хир бац, амма Ӏеса нах дуьнен тӀехь буьсур бац. 31Хьаналчу наха дуьйцург хьекъалалла ду, ткъа харц луьйш болчеран къамел сацор ду. Дикачу нахана догӀу хӀума ала хаьа, ткъа Ӏесачу нахана дегаза хӀума ала бен ца хаьа.32
Copyright information for
CheCAC2012