Proverbs 13
1Хьекъалечу кӀанта шен дас ша нисваран дикка тергам бо, ткъа кхаьрдаш волчо шена бечу тӀехбеттаме ла ца дугӀу. 2Шен баганца аьллачуьнгахула стага пайда оьцу, ткъа мекара стаг къизалла ярх хьоьгу. 3Шен бага сацо хууш волчо шен са лардо, ткъа, ойла а ца еш, луьйш волчу стагана тӀе зулам догӀур ду. 4Малончин лаамаш кхочушхир бац, ткъа хьанал къахьоьгучун лаамаш кхоччуш Ӏаьбна хир бу. 5Дикачу стагана харцонаш ца еза, ткъа Ӏесачу стага шена тӀе юьхьӀаьржо а, эхь а доуьйту. 6Нийса леларо догцӀена стаг шен некъа тӀехь ларво, ткъа Ӏесалло къинош летош верг хӀаллакво. 7Цхьаболчу наха, шайн долахь хӀумма а доццушехь а, шаьш хьоладай ду моттуьйту, ткъа вукхара шайгахь къоьлла ю моттуьйту, дуккха а хьал шайгахь делахь а. 8Хьал долчу стеган шен дахар эца йиш ю, ткъа къечунах цхьаммо а мах боьхур бац. 9Дикачу нехан серло синкъераме йогу, ткъа вочу нехан чиркх байина хир бу. 10Шаьш лакхара хеташ болу нах бахьана долуш девнаш дуьйлу, ткъа хьехам тӀеоьцуш берш хьекъалалла долуш бу. 11Букъ а ца лозуш доккхург дог а ца лозуш дӀадолу, ткъа къахьегарца жим-жима гулдина хьал дебар ду. 12Сатийсам кхочушхила хьебелча, дог гӀайгӀане хуьлу, ткъа хьан сатийсам кхочушхилча, иза дахаран дитт санна денло. 13Шена бина хьехам дӀатоттург жоьпе озор ву, амма весет лоруш волчунна ял хир ю. 14Хьекъалалла долчун хьехамаш дахаран шовда ду, цара адамна гӀо дийр ду Ӏожаллин гурана генавала. 15Хьекъал долчу стагаца нехан ларам хуьлу, ткъа тешаме боцучеран некъ хала бу. 16Хьекъал долчо, ша цхьа хӀума дале, ойла йо, ткъа сонтачо шен сонталла нахана дӀагойту. 17Геланча тешаме вацахь, цунах зулам долу, амма тешаме волчо машар бахьа. 18ЮьхьӀаьржо а, къоьлла а хир ю тӀехбеттам тӀе ца оьцучу стагехь, амма ша нисвойтуш волчу стеган сий хир ду. 19Лаам кхочушхилча, сакъерало. Вочу хӀуманах дӀакъастар сонтачунна дегаза хета. 20Хьекъал долчаьрца юкъаметтиг лелош верг хьекъал долуш хир ву, амма сонтачаьрца гергарло лелош волчо шена тӀе бала бахьа. 21Къинош леточарна вон тӀаьхьадаьлла лела, ткъа бакъахьа болчарна диканиг лур ду. 22Дика стаг веллачул тӀаьхьа цуьнан бахам берийн берашна а кхочур бу, амма къинош летийначун хьал бакъахьарчун дуьхьа Ӏалашдеш ду. 23Ур-атталла къечу стеган ахаза долчу лаьтто алссам ялта делча а, нийса ца леларо цуьнан хьал дӀадоккху. 24Сара кхоабеш волчунна шен кӀант ца веза, амма шен кӀант везачо иза таӀзар дарца нисво. Дикачу стага Ӏаббалц яа хӀума юур ю, ткъа Ӏесачу нехан кийрахь мацалла лаьттар ю.25
Copyright information for
CheCAC2012