Proverbs 14
1Хьекъал долчу хӀора зудчо шен хӀусам дӀахӀоттайо, амма сонтачу зудчо шен куьйгашца иза йохайо. 2Нийсачу новкъахула дӀавоьдург Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хуьлу, амма харцнекъаш лелош схьабогӀучарна Иза дегаза хета. 3Сонтачу стага бохург – шен кураллина таӀзар до гӀаж санна ду, ткъа хьекъал долчу стеган вистхиларо иза ларво. 4Нагахь болх бан стерчий дацахь, хьаьвданаш даьсса хир ду, ткъа стерчийн ницкъах пайда эцаро шортта ялта лур ду. 5Тешаме волчу тешо Ӏеха ца во, амма харцтешо аьшпаш бутту. 6Кхаьрдачо хьекъалалла лоху, иза цунна кара а ца до, амма хьекъал долчу стагана хаарш атта карадо. 7Сонтачу стагах къехкаш лела, цуьнан багара хаарш карор дац хьуна. 8Хьекъалечу стеган хьекъалаллица цунна ша муха лела хаьа, амма сонтачу стеган сонталла – Ӏехор ю. 9Сонта адамаш кхаьрда шайн къиношна гечдар лоьхучарах, ткъа догцӀена болчарна юкъахь вовшашна резахилар ду. 10Адамна шена бен ца бевза шен даг чуьра бала, иштта цуьнан синкъераме хиларан бахьана а кхечунна хуур дац. 11Ӏесачу стеган цӀа дакъазадер ду, ткъа догцӀена болчийн хӀусамаша заза доккхур ду. 12 aСтагана нийса хеташ болу некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу. 13Стаг ша воьлучу хенахь а баланехь хила мега. Сакъерадалар дӀадолу, амма бала цунна буьсу. 14Нийсачу новкъа тӀера дӀаваьлларг ша мел динчу вонах вузур ву, ткъа дикачу стагана ша леллачу некъана совгӀат дийр ду. 15Сонтаниг шега мел аьллачух теша, ткъа хьекъале верг хӀорра а ша ечу гӀулчан ойла еш хуьлу. 16Хьекъале стаг хӀуманах ларлуш а лела, вочух гена а волу, ткъа сонтаниг хьераваьлла а, шех тӀех тешаш а лела. 17Сиха оьгӀазвоьдучо шегара гӀалат долуьйту, ткъа мекара стаг нахана ца веза ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: ткъа мекара стаг нахана ца веза. Грекийн гочдар тӀехь: амма хьекъал дерг собаре хуьлу.
. 18Боданечу нахана сонталла кхочу, ткъа хьекъалечу нахана, таж санна, хаарш кхочу. 19Вон нах дикачу нахана хьалха охьатеӀаш лелар бу, ткъа Ӏесачу наха хьаналчу нехан кевнашкахь гӀо доьхур ду. 20Къен стаг шен уллорачарна а ца веза, ткъа хьалдолчу стеган дуккха а доттагӀий хуьлу. 21Шена уллорачух ца вешачо къа латадо, ткъа къечаьрца къинхетаме верг декъала ву. 22Вониг дан кечвелларг тилавелла ца вогӀу те? Амма диканиг дан кечвелларг безаме а, тешаме а ву. 23Деш долчу муьлххачу а гӀуллакхо са яхьа, ткъа даьсса къамелаш къоьллина бен ца кхочу. 24Хьекъале волчун таж – хьал ду, ткъа сонтачунна сонталла кхочу. 25Бакъдерг дуьйцуш волчу тешо синош кӀелхьардоху, ткъа аьшпаш буттучу тешо Ӏехаво. 26Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо чӀогӀа маршо ло, стеган берашна иза дӀалечкъийла хир ю. 27Везачу Эле ларамах вуьзна хилар дахаран хьоста санна ду, иштта цо Ӏожаллин гурах а ларво. 28Халкъ алссам хилар паччахьан сийлалла ду, ткъа халкъ кӀеззиг хилар баьччанан докъазалла ю. 29Собар долчу стагехь дуккха а хьекъал ду, ткъа оьгӀазъоьхучо шен сонталла гойту. 30Эсалчу даго дегӀана дахар ло, ткъа адаме хьагӀ хиларо даьӀахкаш яхкайо. 31Къечу стеган дог дохочо иза Кхоьллинарг ца лору, ткъа гӀо оьшучунна гӀо дийриг Цуьнан сийдеш ву. 32Ӏеса стаг цо дина вонаш бахьана долуш дӀатоттур ву, ткъа дикачу стеган, шена Ӏожалла тӀехӀоьттича а, догдохийла ю. 33Хьекъалалла хьекъал долчуьнгахь ду, цо сонтачарна юкъахь а ша гойту ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: цо сонтачарна юкъахь а ша гойту. Грекийн гочдар тӀехь: ткъа сонтачарна юкъахь цо ша ца гойту.
. 34Нийсоно халкъан сий хьалаойу, амма къинош халкъан юьхьӀаьржо ю. Шен хьекъалечу ялхошна паччахь резахуьлу, ткъа цуьнан оьгӀазалла эхье лелаш болчу ялхошна тӀейоьрзу.35
Copyright information for
CheCAC2012