Proverbs 15
1Эсала жоп даларо оьгӀазвахар дӀадоккху, амма кӀоршамечу вистхиларо стеган дералла марсайоккху. 2Хьекъалечу нехан къамело хааршна тӀекхачаран лаам ло, ткъа сонтачеран маттера сонталла бен ара ца йолу. 3Везачу Элан бӀаьргашна муьлххачу а меттехь го, Цо тергам бо вочу а, дикачу а адаман. 4Дарбане мотт – дахаран дитт ду, ткъа харц луьйш болчу матто адаман дог дохадо. 5Сонтачо ша дас низаме валор дӀатотту, ткъа ша нисвойтуш верг хьекъале ву. 6Дикачу стеган хӀусамехь йоккха хазна ю, ткъа Ӏесачу стага йоккхучу сано бала бахьа. 7Хьекъалечу стага хаарш даржадо, ткъа сонтачу стагах лаьцна и саннарг ала йиш яц. 8Везачу Элана Ӏесачу стага доккхуш долу сагӀа ца деза, амма догцӀеначун доӀане Цо резахиларца ладугӀу. 9Везачу Элана ца деза Ӏесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза. 10Нийсачу новкъара дӀаваьллачунна чӀогӀа таӀзар дийр ду, ткъа ша нисвар ца дезаш верг лийр ву. 11Эхартахь а, хӀаллакьхиллачийн дуьненахь а дерг Везачу Элана хууш хилча, адамийн дегнашна чохь дерг а къайлаха дац Цунна. 12Нахах кхаьрдачунна ша нисвар ца деза, хьекъал долчарах дага ца волу иза. 13Синкъерамечу даго стеган юьхь-сибат а синкъераме до, ткъа, дог баланехь хилча, са а сингаттаме хуьлу. 14Хьекъалечу стеган дог хаарш лоьхуш хуьлу, ткъа сонтачун багано иза сонталлех вузу. 15Къен стаг массо а хенахь гӀайгӀане хуьлу, ткъа самукъане дог долчаьргахь массо а хенахь той лаьтта. 16КӀезиг хӀума а долуш, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилар гӀоле ду, шортта хьал а долуш, гӀайгӀане хуьлучул. 17Юкъахь безам а болуш, хасстоьмех йина яа хӀума яар гӀоле ду, цабезам кхоллабеллачохь ховха жижиг дуучул. 18КӀоршамечу стага девнаш доху, ткъа собаре волчо дов дохадо. 19Малончин некъ кӀохцалан керт санна бу, ткъа догцӀеначу стеган некъ шера бу. 20Хьекъалечу кӀанта шен да воккхавоьйту, ткъа сонтаниг ненах ца вешаш лела. 21Хьекъал доцург шен сонта леларх воккхавеш хуьлу, ткъа хьекъал дерг нийсачу новкъахула лела. 22Дагавалар а доцуш дина гӀуллакх кхочушхир дац, ткъа хьехамчаш алссам а болуш динарг хилла дӀахӀуттур ду. 23Ма ирсе хуьлу нийса жоп луш верг, мел дика хуьлу-кх шен меттехь аьлла дош а! 24Хьекъалечу стеган некъ ирхенга, дахаре, боьдуш бу. Охьабоьдучу новкъара иза дӀавоьрзу, эхарта ца кхачархьама. 25Курачеран цӀа Везачу Эло дохадо, амма йисина Ӏаш йолчу зудчун цӀа Цо лардо. 26Вочу нехан ойланаш Везачу Элана ца еза, ткъа дика дешнаш Цунна тамехь ду. 27Харц пайда лоьхуш волчо шен цӀа дакъазадоккхур ду, ткъа кхаьънаш ца дезарг вехар ву. 28Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Ӏесачу нехан багара вониг долу. 29Ӏесачу нахана генахь ву Веза Эла, ткъа дикачу нехан доӀа Цунна хезаш ду. 30Самукъанечу стага шена уллохь болчеран дегнаш иракарахӀиттадо, дикачу хаамо нехан догӀмаш дайдо. 31Дахарх лаьцна бехк баккхаре ладугӀуш волчун Ӏаш йолу меттиг хьекъал долчарна юкъахь ю. 32Шега бехк баккхар дӀатоттучун шех дог долу, ткъа ша нисваре ладугӀучунна хьекъалалла карадо. Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо хьекъалалла хьоьху, ткъа сийлаллина хьалха эсалалла хуьлу.33
Copyright information for
CheCAC2012