Proverbs 16
1Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду. 2Стагана ша массо а хӀуманна тӀехь нийса хета, амма цуьнан деган Ӏалашонийн барам Везачу Эло бусту. 3Айхьа мел дийриг Везачу Элан кара дӀало, тӀаккха хьо дан воллург кхочушхир ду. 4Везачу Эло мел диначун шен-шен Ӏалашо ю, ткъа Ӏеса нах къематденна лерина бу. 5Везачу Элана дегаза хета хӀора ша лакхара хетарг – шеко йоцуш таӀзар даза буьсур бац уьш. 6Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дӀадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу. 7Адаман некъаш Везачу Элана дезаш хилча, Цо цуьнан мостагӀий а тӀетабо. 8Жимма а хӀума бакъдолчуьнца гулдар гӀоле ю, харцонца дуккха а хьал гулдарал. 9Стага шен даг чохь хӀума дан лору, амма Везачу Эло цуьнан гӀулчаш билгалйоху. 10Паччахьан дош Делан цӀарах ду, кхел ечу хенахь цо харцонца ца дуьйцу. 11Нийса терза а, терзанна тӀера кедаш а – Везачу Элера ду, Цуьнгара ю тӀоьрмаг чуьра ерриг герканаш а. 12Паччахьашна дегаза хета Ӏесалла, хӀунда аьлча церан паччахьалла нийсонца лаьтташ ду. 13ЦӀеначу дагара аьлла дешнаш тамехь ду паччахьашна, бакъдерг дуьйцург лору цара. 14Паччахьан оьгӀазалла Ӏожаллин хаамча санна ю, амма хьекъал долчо иза тевийр ву. 15Паччахьан сирлачу хьажарехь – дахар ду, цуьнан дика хилар – бӀаьста сатийсинчу догӀанца еана марха санна ду. 16Хьекъалалла гулдар дешил дуккха а деза ду, ткъа кхетам шорбар уггар а дикачу детил а деза ду. 17Дикачу нехан некъ – вочу хӀуманна нацкъарвалар ду, шен некъ ларбечо шен са а лардо. 18Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту. 19Эсалчу синца къечарна юкъахь вахар гӀоле ду, курачу нахаца цхьаьна хӀонс йоькъучул. 20Хьекъалаллица шега бохучуьнца лелаш волчунна аьтто карор бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг декъала хир ву. 21Стаг хьекъал долуш хилча, иза кхечарна хуур ду, ткъа эсалчу дешнашца нах дико къарлур бу. 22Хьекъал долчарна хьекъалалла дахаран шовда санна ду, ткъа сонтачарна сонталлица таӀзар до. 23Хьекъал долчун даго цуьнан мотт кхин а хьекъалалла долуш бо, цо аьлларг кхин а къарбеш хуьлу. 24Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьӀахкашна дарбане а ду. 25 aСтагана нийса хеташ некъ хила мега, амма иза тӀаьххьара а Ӏожалле кхочу. 26ХӀума яаран лаамо белхалочуьнга къахьоьгуьйту, ша меца хиларо цуьнга болх бойту. 27Вочу стеган вониг дан ойла кхоллало, цуьнан къамел йогу цӀе санна ду. 28Ямартчу стага нахана юкъа къийсамаш кхуллу, эладитанчо доттагӀашна юкъахь питана тосу. 29Къизачу стага уллора нах мекарлонца шена тӀе ийзабо, цо уьш харцнекъахула дӀа а буьгу. 30БӀаьрг теӀош волчун дагахь мекара ойла ю. Балдаш къовлуш волчо вониг дан сацам бина. 31Къежвалар – сийлаллин таж ду, нийсо лелоран дахарна совгӀат ду иза. 32Собаре хилар гӀоле ду тӀемало хиларал, собарениг гӀала схьаяьккхинчул а тоьлу. Цхьа хӀума шаьш дале, наха кхаж тосу, амма цу хӀуманан тӀаьхье Везачу Элехь ю.33
Copyright information for
CheCAC2012