‏ Proverbs 19

1Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг гӀоле ву, харц луьйш волчу стагал – иза-м сонтаниг ма ву.

2ХӀуманах доллург а ца хууш, иза кхочушдан гӀертар дика дац. ХӀуманна тӀехь сихлуш волчун ког тасабаларна кхерам бу.

3Сонта хиларо стеган некъ талхабо, амма шен даг чохь цо Дела бехкево.

4Хьоло доттагӀий доьбуьйту, ткъа къен верг шен доттагӀчо а вуьту.

5Харцтоьшалла динарг таӀзар ца деш вуьсур вац, аьшпаш буттург а маьрша паргӀатвер вац.

6Дукхахболу нах хьолахошна хьесталуш лела, хӀорра а совгӀаташ дечун доттагӀа хила лууш а хуьлу.

7Къен стаг шен гергарчарна ца веза – цул сов, доттагӀий а дӀабоьрзу цунах. Царна тӀаьхьа а ваьлла, цо цаьрга гӀо мел дехарх, царна иза хезар вац.

8Хьекъалалле кхача лууш волчунна шен са деза. Хьекъалаллица лелаш верг дикане кхочур ву.

9Харцтоьшалла динчунна таӀзар дийр ду, ткъа харцдерг дуьйцуш верг а хӀаллакьхир ву.

10Сонтачунна хьал долуш вахар ца догӀу, ткъа элашна тӀехь куьйгалла дар лега данне а ца догӀу.

11Адаман хьекъалалло иза сихха оьгӀаз ца вохуьйту. Шена дина зулам дукха даре ца деш дитаро адаман сий до.

12Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу, ткъа цуьнан резахилар – бацана тӀе диллина тхи санна ду.

13Сонта кӀант – шен дена докъазаллина хуьлу, ткъа къийсалуш йолу зуда – ца соцу ладар санна ю.

14Стеган хӀусам а, бахам а – дайх дисина хуьлу, ткъа хьекъал долу зуда Везачу Элера ю.

15Малоно наб йоуьйту, ткъа хӀуманна бала ца хиларо мацалле кхачаво.

16Шена тӀедиллинарг кхочушдечо дахар лардо, амма некъаш ца къестош верг хӀаллакьхир ву.

17Мискачунна дина дика Везачу Элана делла духалург ду, ткъа Везачу Эло иза цунна юхадерзор ду.

18ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, цо цунах пайда эцаре сатийса йиш хилча. Ахь иза нис ца вахь, цуьнан Ӏожаллина бехке хир ву хьо.

19Сихха оьгӀазвоьдург жоьпе озор ву. Цкъа иза баланах паргӀатваьккхича, кхин а изза дан дезар ду хьан.

20Хьайна дечу хьехаршка ла а дугӀуш, Ӏама, хиндолчу цхьана дийнахь хьо хьекъале хир ву.

21Кхочушдан лерина хӀуманаш стеган даг чохь дукха хуьлу, амма Везачу Эло сацийнарг бен кхочуш хир дац.

22Уггар чӀогӀа лоруш дерг тешаме хилар ду, цундела къен хилар гӀоле ду, харцлуьйш хиларал.

23Стаг Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилча, цунна дахар карор ду. Синтем а болуш, буьйса йоккхур ю цо, вон цунна тӀе догӀур дац.

24Малончо, шуьнна тӀе а кхевдина, ша схьаэцнарг шен бете хьала а ца кхачайо.

25Кхаьрдаш волчу стагана таӀзар дича, бодане нах а меттабогӀу, ткъа хьекъал долчух бехк баьккхича, цуьнан кхетам совбер бу.

26Шен деца кӀоршаме а волуш, шен нана дӀалоьллуш верг юьхьӀаьржачу хӀуттуьйту а, эхь тӀедоуьйту а кӀант ву.

27Сан кӀант, бехк баккхаре ладогӀа хьо сацахь, хаарш лучу хьехамна тӀера хьо дӀаволу.

28Тешаме воцу теш нийса кхел ярх кхаьрда, ткъа Ӏесачу стага зуламе мел дерг дӀакхоллу.

Кхаьрдаш болчу нахана таӀзарш кечдина ду, ткъа сонтачеран баккъашна гӀаж а кийча ю.29

Copyright information for CheCAC2012