Proverbs 2
Хьекъалалло бахьа пайда
1Сан кӀант! Ас хьайга мел бохург дӀаэца, ас хьайна дина хьехарш хьайгахь латтаде. 2Хьекъалалле ладогӀа, цунах кхета а хьажа. 3ХӀума къасто хаар деха хьайна, гӀуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде. 4Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дӀалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тӀаьхьаваьлла лелахь, 5Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хӀун ду хьуна хуур ду. 6ХӀунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. 7Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву. 8Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Ӏалашдо. 9ТӀаккха хьуна бакъдерг а, нийса дерг а, догцӀена дерг а девзар ду, иштта, муьлхха а дика некъ а бевзар бу. 10Хьан даг чу хьекъалалла а дуссур ду, хаарша хьан синна хазахетар а лур ду. 11ХӀума къасто хаарш хиларо хьо ларвийр ву, кхетамалло а хьуна ха дийр ду, 12вочу стеган зуламечу некъех а, иштта харцдерг дуьйцучу стагах а хьо ларвархьама. 13И нах, нийса некъаш а дитина, боданечу некъаш тӀехь лелаш бу. 14Уьш, вониг шаьш дечу хенахь, сакъералуш хуьлу, боьха лелар а цара тӀетадо. 15Церан некъаш гома ду, церан лелар дегаза ду. 16Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гӀерта. 17Къона йолчу хенахь ша маре яхана волу стаг а витина, Далла хьалха ша тӀелаьцнарг кхочуш а ца деш, лелаш ю иза. 18Цуьнан цӀа стаг Ӏожалле вуьгуш ду, цуьнан некъаша беллачу нахана тӀе кхачаво. 19Иза йолчу чуваьлларг юха а ца воьрзу, иза кхечу дахаран новкъа а ца волу. 20Цундела дикачу нехан новкъахула а лела, бакъахьа лелачеран некъаш а лаха, 21хӀунда аьлча догцӀена берш лаьтта тӀехь бехар бу, кхачаме берш цу тӀехь буьсур бу, 22амма Ӏеса нах лаьтта тӀера дӀахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тӀера дӀабохур бу.
Copyright information for
CheCAC2012