Proverbs 20
1ЧагӀаро бага лен йоккху, къаьркъано мотт галбоккху. Цара тилийна мел верг хьекъал доцуш ву. 2Паччахьан дарвалар лоьмо гӀигӀ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тӀебоуьйту. 3Къовсаваларх ларвалар – лараме хӀума ду, ткъа муьлхха а сонта стаг къовсавала кийча ву. 4Малончо дан деззачу хенахь охана ца до, цундела цунна ялта чудерзочу хенахь хӀумма а карор дац. 5Адаман даг чохь дерг кӀоргачу гӀунна чохь долу хи санна ду, ткъа кхетамечу стаге и хи хьаладаккхало. 6Дукхахдолчу адамаша шаьш тешаме хиларх лаьцна дуьйцу, амма билггал тешаме верг каро хала ду. 7Хьанал стаг кхоччуш цӀеначу новкъахь лелаш ву. Цуьнан тӀаьхьенах долу бераш мел декъала хир ду! 8Кхел ян охьахиинчу паччахьан бӀаьргашна дерриг а вон а, дика а гуш хуьлу. 9Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цӀена ву, со сайн къинойх цӀанвелла»? 10Харц терза лелор а, харц саьхьаца озар а – ший а Везачу Элана дегаза хета. 11Ур-атталла бер а девза цо дечу гӀуллакхашкахула – цо лелош дерг цӀена я Ӏеса хиларехула. 12ХӀума хезаш долу лергаш а, хӀума гуш долу бӀаьргаш а – ший а Везачу Эло кхоьллина ду. 13Наб езаш волчунна тӀе къоьлла йогӀур ю, амма стаг сема хилахь, кхачанах вуьзна лелар ву иза. 14Хьоьгара цхьа хӀума оьцуш волчо даим а олу: «ХӀара хӀума дукха дика а яц, кхунах дукха а доьху», амма хьуна юьстахволлушехь, цо ша бина мах бахьана долуш дозаллаш до. 15Деши а ду, жовхӀарш а дукха хуьлу, амма хьекъале вистхилар дезо ду. 16Хийрачу стагах дош далар нислахь, цуьнгара бедар яккха. Закъалтана йита иза, ца вевзачу стагах цо жоп луш хилча. 17Мерза хуьлу харцонца даьккхина бепиг, амма иза багахь жагӀа хилла дӀахӀутту. 18Хьехаре ла а дугӀуш, хӀума кхочушдан кечло. ТӀом болабале, нахах дагаволуш хила. 19Эладита деш волчо къайлаха дерг а дӀадуьйцур ду, цундела дукха луьйш волчун доттагӀа ма хила. 20Дена а, нанна а стага неӀалт олуш хилча, цуьнан дахаран серло Ӏаьржачу боданехь дӀайовр ю. 21Юьхьанца сихха карабеана бахам тӀаьхьо декъала хир бац. 22«Ас бекхам бийр бу вон диначунна», – ма ала. Везачу Эле хьоьжуш хила, Цо хьо кӀелхьарвоккхур ву. 23Дегаза хета Везачу Элана нийса йоцу герканаш, ткъа харц лело терзанаш Ӏеса хӀума ду Цунна гергахь. 24Адаман гӀулчаш Везачу Элера хуьлу дела, шен некъ стаге муха къасталур бара? 25Нагахь санна сихвеллачохь стага Везачу Элана цхьа хӀума дӀаяла чӀагӀо яхь, амма цунах лаьцна тӀаьхьо бен ойла ца яхь, иза цунна гур санна ю. 26Хьекъалечу паччахьо, Ӏеса нах Ӏора а баьхна, хьийзаш йолу чкъург царна тӀе хоьцур ю. 27Стеган са – Везачу Элан стогар бу. Адаман оцу синехула дагахь дерг толлу Везачу Эло. 28Безамо а, тешаме хиларо а паччахь ларво, ткъа ца соцучу безамца цуьнан паччахьалла чӀагӀдо. 29Кегий нах шайгахь болчу ницкъо хазбо, ткъа баккхийчу нахехь церан къежбалар тов. Еттаро а, чевнаша а стаг вонах цӀанво, цо текхначу балано цуьнан дог а цӀандо.30
Copyright information for
CheCAC2012