‏ Proverbs 23

1Айхьа куьйгалхошца хӀума юучу хенахь, хьо хьаьнца хиъна Ӏаш ву диц ма де. 2Дуккха а хӀума яа хьан лаам хилахь, хьайн логана дуьхьало хӀоттае. 3Чам болчу цуьнан кхачанах хьоьгуш ма хила, хӀунда аьлча цо хьо Ӏехо мега.

4Хьал долуш хилархьама, хьайн сих валлалц къа ма хьега. Болх сацо беза хан йовззал хьекъале хила. 5Ахь хьайн бӀаьргаш хьоле дӀахьажошшехь, цуьнан дукха сиха тӀемаш а довлу, аьрзу санна, иза стигала хьала а доьду.

6Саьхьарчу стеган шуьн тӀера яа хӀума ма яа, цуьнан мерзачу кхачанах вуьзна хила лууш ма хила, 7хӀунда аьлча цуьнан са, догӀа а тоьхна, дӀакъевлина ду. Цо хьоьга: «Яа а яа, мала а мала» эр ду, амма цуьнан дог хьоьца дац. 8Айхьа дӀакхаьллина цуьрг схьаӀеттор ду ахьа, ткъа ахьа аьлла мерза дешнаш а эрна хир ду хьан.

9Хьекъал доцучуьнга хӀумма а ма ала, хӀунда аьлча хьекъалечу къамелах иза воьлур ву.

10Ширачу заманахь баьккхина шу цкъа а меттах ма баккха, боберийн кха а схьа ма даккха, 11хӀунда аьлча церан нуьцкъала ГӀодаккхархо ву, хьуна дуьхьал долу гӀуллакх Цо къастор ду.

12Хьайн дог хӀума Ӏамарна тӀе дерзаде, хьайн лергаш хаарш хаза схьаделла.

13Бер таӀзар ца деш ма диталахь, цунна иза догӀучохь. ГӀаж еттарца цунна таӀзар дарх бер лийр дац. 14Ахь сара беттарца берана таӀзар дахь, иза эхарте кхачарх кӀелхьардоккхур ду.

15Сан кӀант, хьо даг чохь хьекъал долуш хилахь, со даггара ирс долуш хир ву. 16Сан кийрахь мел дерг а синкъераме хир ду, хьоьгара суна догцӀена долу дешнаш хазахь.

17Къа летош болчу нахах ма хьега, амма массо а ханна Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хила. 18Хьан хиндерг-м хьуна хьалха билггал хир ду, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а дӀадер дац.

19Ла а догӀа, сан кӀант, хьекъале а хила, хьайн дог нийсачу некъа тӀе а дерзаде. 20ТӀехдаьккхина чагӀар муьйлучаьрца а, жижиг даар тӀехдоккхучаьрца а гергарло ма леладе, 21хӀунда аьлча маларш муьйлучунна а, сутара гай долчунна а къоьлла тӀейогӀур ю, ткъа наб озоро царна тӀе тӀелхигаш юхур ю.

22Хьо дуьнен чу ваьккхинчу хьайн дега ладогӀалахь. Хьайн нене а ларамах вуьзна хилалахь, иза къанъелча а.

23Бакъдерг лаха хьайна, цунах дӀа ма къаста. Иштта хьекъалалла а, хьо Ӏамор а, кхетам а лаха.

24Хьаналчу стеган да чӀогӀа самукъадолуш хуьлу. Нагахь бераш хьекъалалла долуш делахь, да царах воккхавеш хуьлу.

25Хьан дай-наний ирс долуш хуьлийла, хьан нана самукъадолуш хуьлийла.

26Сан кӀант, дикка тидам бе сан, со лела некъ тамехь хуьлийла хьуна. 27Нахаца лела зуда – бух боцу Ӏин санна хуьлу хьуна, ткъа шен йоцу зуда – готта гӀу санна хуьлу хьуна. 28Иза кӀело йина Ӏаш волу талорхо санна ю, цуьнан леларо божаршна юкъахь йолу ямартло алсамйолуьйту.

29Мила ву ахӀ-ухӀ деш? Мила ву девнаш дохуш, аьрзнаш деш? Хьенан ю, мичара яьлла а ца хууш, бӀаьргкӀелош Ӏаржйина? Хьенан бӀаьргаш ду, даьржина хи санна? 30Уьш чагӀарш муьйлучохь дуккха а хан йоккхучеран, чӀогӀа маларш муьйлучеран ду. 31ЧагӀар цӀен делахь а, цунах Ӏеха ма ло. Иза пхьегӀи чохь хаза ловзу, атта мала а ло. 32Амма цул тӀаьхьа цо, мерзлаьхьано санна, це туху, дӀаьвше лаьхьано санна, цергаш а юхку. 33Хьан бӀаьргашна хьалха хийра хӀуманаш хир ду, хьайн дагахь ахь кхетаме доцург дуьйцур ду. 34Хьуна хьо сихачу хӀорда тӀехь волуш санна хетар ду, хьуна хьо хӀордкеманан лакхарчу декъехь Ӏуьллуш санна хетар ду. Ахьа эр ду: «Цара йиттира суна, амма суна зе ца дина, чӀогӀа йиттира, амма суна иза хаа а ца делира. Со маца самавер ву те? И малар аса кхин а лохур ду».35

Copyright information for CheCAC2012