Proverbs 24
1Вочу нахах ма хьега, цаьрца цхьаьна хила а ма лаа. 2Церан дегнаш чохь къиза хӀума дан Ӏалашо хуьлу, ткъа церан багара схьадолу къамелаш зуламах дуьзна хуьлу. 3ЦӀенош хьекъалаллица деш ду, кхетам бахьана долуш ю цуьнан чӀогӀалла, 4хааршкахула цуьнан чоьнаш юзуш ю езачу а, хазачу а хӀуманех. 5Хьекъалалла долуш верг ницкъ болуш хуьлу, ткъа хаарш дерг чӀагӀлуш хуьлу. 6ТӀом бан хьайна лууш хилча, нахах дагавала веза, хӀунда аьлча толам баккха дуккха а хьехамчаш оьшу. 7Хьекъалалле кхача йиш яц сонтачийн. ГӀалин кевнехь ладаме хӀума дуьйцучу хенахь, церан ала хӀума ца хуьлу. 8Вон дан ойла йолчу стеган, эладитанча ву аьлла, цӀе дӀагӀур ю. 9Сонтачу стага дан мел леринарг къилахь ду. Кхечарах кхаьрдарг дегаза хета нахана. 10Вон тӀедеанчу дийнахь хьо доьналлех воьхнехь, хьан ницкъ билггал кӀезиг бу. 11Ӏожаллина тӀе буьгуш берш кӀелхьарбаха! Харцбахьанина байа хьаьхна берш бойучуьра кӀелхьарбаха! 12«Цунах лаьцна ца хаьара тхуна», – ахь алахь, дегнаш Зуьйшволчо оцу хӀуманан тидам ца бо те? Хьан дахар лардеш Волчунна и хӀума дика хууш ду хьуна! Ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, стагана доггӀург дӀалур ду Цо 13Сан кӀант, моз даа, хӀунда аьлча иза дика ду. Алхашна чуьра моз мерза ду хьан маттана. 14Иштта хьекъалалла а дика ду хьан синна – иза хаа ду хьуна. Хьекъалалла карадахь, хиндерг хир ду хьан, ткъа хьан сатуьйсийла цкъа а чекхъер яц. 15Ӏеса адам санна, хьаналчу стеган цӀенна уллохь кӀелонаш а ма е, цуьнан хӀусам а ма йохае. 16Делан лаамехь лелаш верг, ворхӀазза охьавоьжча а, хьалагӀоттур ву, ткъа Ӏесанаш – бохамаша охьаэгор бу. 17Хьайн мостагӀчунна вон тӀедеача, сакъераделла ма хьовзалахь, иза, таса а велла, охьавожахь, самукъадаьлла а ма лелалахь. 18Везачу Элана хьан сакъерадалар дӀагича, Иза реза хир вац хьуна, тӀаккха Цо Шен оьгӀазалла хьан мостагӀчунна тӀера юхайоккхур ю хьуна. 19Зуламечу нахана оьгӀаз а ма эха, Ӏесачарах хьега а ма хьега, 20хӀунда аьлча зуламечу нехан сатуьйсийла яц, Ӏесачеран чиркх а дӀабовр бу. 21Везачу Элах кхералахь, сан кӀант, иштта паччахьах а кхера, ямартчу нахах дӀа а ма кхета, 22хӀунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хӀун бала бахьа.Кхин а хьекъале кицанаш
23Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац. 24Бехке волчуьнга: «Хьо бехке вац», – кхелахочо алахь, халкъаша цунна неӀалташ кхайкхор ду, къаьмнашна иза дегаза а хетар ву. 25Ткъа бехке волчунна кхел йийриг дика хир ву, иза чӀогӀа декъал а хир ву. 26ДогцӀеначу дешнашца жоп луш верг бета тӀе доттагӀаллин оба йоккхург санна ву. 27Цкъа хьалха хьайн керт а, хьайн кха а меттадаладе, цул тӀаьхьа цӀа дан волало. 28Бахьана дацахь, хьайн уллорачунна дуьхьал теш ма хила, хьайн багахула харцдерг ара а ма далийта. 29Иштта ма ала: «Иза соьца ма-хиллара, со а хир ву цуьнца, цунна доггӀург дӀалур ду аса». 30Малончин кха долчухула тӀехвелира со, иштта хьекъал доцучун кемсийн бешана уллохула а тӀехвелира. 31Массо а меттехь тӀедаьлла асар дара, иштта коканийн коьллаш а яра тӀеевлла, тӀулгех йина гонахара керт йохийна лаьтташ яра. 32Цу массо а хӀумане а хьаьжна, аса ойла йира. Сайна гиначух иштта хьехар хилира суна: 33 a«Жимма вижина Ӏуьллур ву со, – боху малончо, – жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву». 34Амма хьо волчу къелла, къу санна, еана схьакхочур ю. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна.
Copyright information for
CheCAC2012