‏ Proverbs 25

Сулим-паччахьан кхидолу кицанаш

1ХӀорш ду Сулим-паччахьан кхидолу кицанаш, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун ялхоша схьагулдина долу.

2Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хӀуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хӀуманаш талларна.

3Стигалан лакхалле а, лаьттан кӀоргалле а кхачалург цахилар санна, паччахьан дагах а кхета йиш яц.

4Боьхачух цӀанде дети, говзанчина кад бан гӀирс лур бу ахьа. 5Паччахьна уллора Ӏеса стаг дӀаваьккхича, нийсонехь чӀагӀлур ду цуьнан паччахьалла.

6 aПаччахьна хьалха айхьа хьо хеста а ма ве, сийлахь болчийн метта охьа а ма хаа. 7«Схьавола!» – аьлла, паччахьо хьо тӀекхайкхича дика хир ду, цхьана элана хьалха хьо сийсазваьккхина хуьлучул.

Хьан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш
8стаг кхеле озо сих ма ло. Ахь хӀун дийр дара, хьайна уллорачо гӀуллакх къастийначул тӀаьхьа хьо юьхьӀаьржачу хӀоттийча?

9Уллораниг хьайн гӀуллакхна кхеле озийча, кхечу стеган къайле гучу ма яккха. 10Хьо иштта лелаш велахь, иза хезначо хьо юьхьӀаьржачу хӀоттор ву, и юьхьӀаьржо хьо мел веха хьоьца хир ю.

11Даточу пхьегӀи чохь Ӏуьллучу дашочу Ӏежех тера хуьлу доггӀучохь аьлла долу дош

12Хьекъал долчу стеган нисваран дош дашочу чӀагарал а, уггар цӀеначу деших динчу туьтел а деза ду ладогӀа хуучу лергана.

13Ялта чудерзочу хенахь лайн шело санна хуьлу ша дӀахьажийначунна тешаме волу геланча – шен олахочун дог ойу цо.

14ДогӀа ца луш йолу марханаш а, мох а санна ду, совгӀат дийр ду а аьлла, иза цадар.

15Собарца куьйгалхочун ойла корчуьйту, ткъа эсалчу къамело кхоччуш чӀогӀа йолу ойла а хуьйцу.

16Хьайна моз карадахь, шен барамехь даа иза, тӀех дукха а диъна, и моз схьа ца Ӏетторхьама. 17Иштта хьайн доттагӀчун цӀа эхар а лагӀде, хьо кӀорда а вайтина, цуьнан хьайга цабезам ца кхоллабалийтархьама.

18Чхьонкар я тур, я ира пха санна хуьлу шена уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла деш волу стаг.

19Вон тӀедеанчу хенахь тешаме воцучунна тӀетовжар – лозуш йолу церг я астагӀа ког санна хир ду хьуна.

20Баланехь волчу стагана ирсе эшарш лекхар цуьнгара шийлачу дийнахь тӀера бедар схьаяккхар санна ду, я чевнна тӀебутту туьхаберам санна ду.

21 bХьайн мостагӀа меца велахь, цунна бепиг ло, иза хьогах велахь – хи ло: 22иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа, ткъа Везачу Эло хьуна ял лур ю.

23Къилбаседехьара схьахьоькхуш болчу мохо догӀанаш дахьаре терра, эладита дечун матто оьгӀазе хьежар дахьа.

24Шерачу тхевнан цхьана сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.

25Генарчу махкара болу хаза кхаъ хьогах волчу стагана шийла хи санна бу.

26Даьржина хи санна я бехдина шовда санна ву Ӏесачу стагана хьалха къарлуш волу дика стаг.

27Моз тӀех даар вон хӀума хиларе терра, нуьцкъаш шен сий дайтар сий хилар дац.

Гонахара пен бохийна лаьтташ йолу гӀала санна ву са ца тохалуш волу стаг.28

Copyright information for CheCAC2012