‏ Proverbs 26

1Аьхка диллина ло а, ялта чудерзочу хенахь догӀу догӀа а санна товш доцуш хуьлу сонтачун сий дар.

2Хьоза дӀасаэккхар санна а, чӀегӀардиг дӀасаэхар санна а, иштта бахьана доцуш боьллина болу сардам, тӀех а баьлла, кхочушхир бац.

3Шад – говрана, дуьрста – вирана, ткъа гӀаж сонтачун букъана лерина хуьлу.

4Сонтачун сонталле хьаьжжина ма ло жоп, хьо а цунах дӀа ца тарвалийтархьама.

5Сонтачунна цуьнан сонталле хьаьжжина дала деза жоп, шен бӀаьргашкахь цунна ша хьекъале ву ца моттийтархьама.

6Сонтачуьнгахула хабар дохьуьйтуш верг шен когех дӀахедаш я дӀовш молуш верг санна ву.

7Хьекъал доцучун багара долу кица, астагӀчун когаш санна, ледара ду.

8Сонтачун сий дар ширдолагца тӀулг дӀабехкар санна ду.

9Сонтачун багара долу кица, мелла волчу стеган куьйгах дахана кӀохцал санна, жима хуьлу.

10Массарна а чевнаш еш, пхерчий кхуьссург санна ву, сонтаниг я мила ву а ца хууш волу стаг шена болх байта лоцуш верг.

11 aШен Ӏетторашна тӀе юхадоьрзу жӀаьла санна, сонтаниг а шен сонталлина тӀегӀерта.

12Ша хьекъал долуш вацахь а, ша иштта хеташ верг сонтачу стагал а оьшу.

13Малончо олу: «Некъа тӀехь лом ду! Экха ду урамнекъашкахула лелаш!»

14Шен кӀажаш тӀехь дӀасаетталуш йолу неӀ санна, иштта малонча а хуьлу шен меттахь дӀасакерчаш.

15Малончо шен куьг бошхепа тӀе хьо, ткъа иза шен бете хьаладаьхьна валале, иза кӀадло.

16Кхетамца къамелаш дечу ворхӀаннал а ша хьекъале хета малончина.

17Шен гӀуллакх доцучу нехан девнна юккъе гӀортар тӀехдолучу жӀаьлин лергаш озор санна ду.

18Хьераваьллачо нах хӀаллакбеш кхуьссуш долу а, догуш долу а пхерчий кхийсар санна хӀума ду, 19шена уллораниг Ӏеха а вина, цуьнга: «Ас бегаш бира!» алар.

20Дечиг дӀадаьлча, цӀе а дӀайов, эладита чекхдаьлча, дов а дӀадолу.

21КӀегашна тӀера йовхо хьалайолу, дечигах – цӀе хьалайолу, ткъа къиссавалар дезаш волчун хабар бахьана долуш дов долу.

22Лере аьлла дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.

23Дато басахь долу басар хьаькхначу поппаран кхабанах тера ву вон дог долу эсала къамелаш дийриг.

24Хьо ца везаш волчу стага хесторан къамелаш дахь а, шен дагахь цо тешнабехк латтабо. 25Цуьнан аз эсала делахь а, цунах ма теша, хӀунда аьлча цуьнан дог тӀех дегазаллах дуьзна ду. 26Шен цабезам иза Ӏехорца дӀалечкъош велахь а, цуьнан мекарло массарна а гучуер ю.

27Кхечунна ор доккхург цу ор чу ша вужур ву, ткъа цхьанна тӀе боккха горга тӀулг охьакарчийта гӀертачунна и тӀулг цунна шена тӀекерчар бу.

Харцматтаца дуьйцучунна ша лазабо нах ца беза, иштта томана дуьйцучо а бохам бо.28

Copyright information for CheCAC2012