Proverbs 27
1 aКханалера де ма хестаде, хӀунда аьлча хьуна ца хаьа цо хӀун дахьа. 2Хьо айхьа а ца хеставеш, кхечуьнга хеставайта, хьайн багахула а ца хуьлуш, кхечун багахула хилийта и хастораш. 3ТӀулг беза бу, гӀум а яц яйн, амма сонтачу стага бахьа бала лан кхин а хала ду. 4ОьгӀазалла къиза ю, дералла а хи тӀедалар санна ю, амма мила латталур ву хьегарна хьалха? 5Ма-дарра олучу дешнашца стаг нисвар гӀоле ду, доттагӀчуьнга болу безам къайлабахьарал. 6Хьо везачо доху бехкаш бакъ ду, хьо ца везачо йоху обанаш харц ю. 7Вуьзначу стага моз а дӀатоттур ду, амма меца волчунна къаьхьаниг а мерза хетар ю. 8Шен цӀенна генаваьлла волу стаг бенна генадаьлла лела олхазар санна ву. 9ДухӀи а, хаза хьожа а бахьана долуш стеган дог доккхадоь, иштта доттагӀчо даггара до хьехар – иза доттагӀаллин марзо ю. 10Хьайн а, хьайн ден доттагӀий а дӀа ма таса. Хьайна тӀе бохам беача, гергарчарна тӀе ма гӀо: хьуна уллохь вехаш волу лулахо гӀоле ву хьуна, генахь волчу вешил а. 11Хьекъале хила, сан кӀант, сан дог доккха а дедеш, тӀаккха суна халахетийтиначаьрга ала хӀума хир ду сан. 12Хьекъал долчо бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа боданера нах нийсса цунна тӀебоьлху, тӀаккха цунна тӀера жоьпе а озор бу уьш. 13Хийрачу стагах адамо ша дош делча, цунах бедар яккха. Закъалтана йита иза, нехан зудчух цо жоп луш хилча. 14Ӏуьйранна хьалххе доккхачу озаца уллорачуьнга маршалла хаттахь, иза цунна шена неӀалт кхайкхор санна хетар ду. 15Къийсалуш йолу зуда кхоьлинчу дийнахь леда ладар санна ю. 16Иза сацо гӀортар мох сацо гӀортар санна ду, я шен шина куьйга юкъахь даьтта сацо гӀортар санна ду. 17Аьчка урс эчигна тӀе хьокхуш ирдаре терра, цхьана стага кхечу стеган аьрталла дӀайоккху. 18Инжиран диттан дола деш волчо цуьнан стом буур бу, ткъа шен олахочун гӀуллакх деш волчун сий а хир ду. 19Стаг хи чу хьаьжча, цунна шен сибат го, иштта адаман даго и стаг ма-варра схьагойту. 20 Эхарт а, хӀаллакьхиллачийн дуьне а цкъа а Ӏаьбна цахиларе терра, адаман бӀаьргаш а ца Ӏеба. 21Дети кеда чохь цӀандо, деши кхерча чохь зело, ткъа наха хасторца зуьйш хуьлу адам. 22Сонтаниг кохьар чохь кӀенца цхьаьна аьхьча а, цуьнан сонталла дӀаяккхалур яц. 23Хьайн жашна дикка тӀехьажа, хьайн бажа леррина Ӏалашбе, 24хӀунда аьлча хьал массо а хенахь ца лаьтта. Ур-атталла таж а массо а хенахь ца кхочу кхечу тӀаьхьенна дӀа. 25Йол а хьаькхна, керла буц хьалайолучу хенахь, лаьмнашкарчу цанашна тӀера буц схьахьаькхначу хенахь, 26Ӏахарех хьуна тӀеюху хӀума хир ю, ткъа гезарех – кхаш эцар хир ду. Хьо а, хьан доьзал а кхаба а, иштта хьан гӀарбашаш дийна хилийта а тоъал гезарийн шура хир ю хьан.27
Copyright information for
CheCAC2012