‏ Proverbs 29

1Шех бехк мел баьккхи, оьгӀазвоьду стаг цӀеххьана дарба ца хиллал тоьхна хир ву.

2Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Ӏесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу.

3Хьекъалалла дезаш волчо шен ден самукъадоккху, ткъа нахаца лелаш болчу зударшца гергарло лелош волчо цуьнан бахам хӀаллакбо.

4Паччахьан нийсачу кхело пачхьалкх чӀагӀйо, ткъа тӀех сов ял яккхарца пачхьалкх хӀаллак а йо цо.

5Шена уллорачунна мерза дешнаш дуьйцуш волчо ша-шена гур бугӀу.

6Вочу стеган къинош цунна хӀоттийна болу гур бу, ткъа хьанал стаг самукъадолуш, воккхавеш хир ву.

7Дикачу стага къечу нехан гӀуллакх дикка толлу, ткъа Ӏесачо цуьнан тидам а ца бо.

8Кхаьрдаш болчу наха гӀала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгӀазалла дӀаерзайо.

9Хьекъалдолчо сонтаниг кхеле валош хилча, иза оьгӀаз а воьду, кхарда а кхаьрда, цундела машар а хир бац.

10Нах бойуш лелачарна цӀена стаг а ца веза, ткъа догцӀена берш иза ларвеш хуьлу.

11Сонтачо шен оьгӀазалла массарна а гойту, ткъа хьекъалдолчуьнгахь собар хуьлу.

12Куьйгалхочо харцоне ладугӀуш хилча, цунна уллоранаш а харцонна тӀехь лаьтта.

13Къениг а, иза вацош верг а цхьатерра ву – цу шиннан а бӀаьргашна серло Везачу Эло елла.

14Паччахь къечу нахана нийсонца кхел еш хилахь, цуьнан паччахьалла дехха лаьттар ду.

15ГӀожо а, нисваро а хьекъалалла ло, амма дӀатесна дитина бер ненан юьхьӀаьржо ю.

16Ӏесанаш дукха баьржича, зуламаш а совдуьйлу, ткъа бакъахьарачу нахана церан хӀаллакьхилар гур ду.

17ТаӀзар дарца нисве хьайн кӀант, тӀаккха цо хьо марша Ӏойтур ву. Хьан даг чохь сакъерар хуьлуьйтур ду цо.

18Пайхамаралла ца хилча, халкъ ша юха ца узу. Амма декъала ву товрат-хьехаме ладугӀург.

19Лай дешнашца Ӏамалур вац, хӀунда аьлча, ша цу дешнех кхетташехь, цо аьлларг ца до.

20Ойла а ца еш, вистхуьлуш верг гиний хьуна? Сонтачунна а дуккха а пайдане сатуьйсийла ю, цунна чул.

21Бераллехь дуьйна лена массо а хӀума могуьйтуш хилча, тӀаьхьо цунах аьрханиг хир ву.

22ОьгӀазечо девнаш доху, оьгӀазаллех кхехкачо дуккха а вонаш до.

23Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хӀоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду.

24Къуьнан накъост хилларг ша-шена мостагӀа ву. Хуучух лаьцна чӀагӀо ярца тоьшалла де шега аьлча, вист а ца хуьлуш Ӏаш ву иза.

25Адамех кхерар – стагана хӀоттийна гур бу, ткъа Везачу Элана тӀетевжаш верг кӀелхьарвоккхур ву.

26Дукхахболчара куьйгалхочуьнца гергарло лоьху, амма адаман дахарна кхел яр Везачу Элан карахь ду.

27Хьанал нах ца беша Ӏесачу нахах, ткъа Ӏесанаш бакъахьа лелачарах а ца беша.
Copyright information for CheCAC2012