Proverbs 31
Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш
1ХӀорш ду, нанас хьехна долу, Ламуал-паччахьан хьекъале дешнаш: 2«Дала, ас Шега динчу доӀанашна жоп луш, суна велла волу сан хьоме кӀант!3Зударий бахьана долуш
ахьа хьайн ницкъ а ма байалахь,
паччахьаш хӀаллакбеш йолчуьнца
хьо лела а ма лелалахь.
4Ламуал, хьекъале дац паччахьашна чагӀар мийлар,
иштта хьекъале дац олахошна а маларш мийла лаар.
5ХӀунда аьлча, дукха мала а мелла, царна дицдала тарло бакъонаша хӀун боху,
тӀаккха цара Ӏазапехь болчарна тӀехь нийса кхел а йийр яц.
6Ахьа и вахош долу малар мискачарна а,
шайн дахар къаьхьа долчарна а дӀало.
7ТӀаккха, и чагӀар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а,
шаьш баланехь хилар а.
8Ахьа, шайх дош ца далалуш, багахь мотт боцучаьргахьа а озалахь,
бо бисиначаьргахьа бакъонца гӀо а даккхалахь.
9Иштта, ахьа цаьргахьа дош а алалахь, царна тӀехь нийса кхел а яйталахь.
Къечеран а, мискачеран а бакъонаш ларъяр тӀехь хьайн нийса дош алалахь».
Дика а, оьзда а йолу зуда
10 А тта ▼▼ХӀокху коьртан 10-31 аяташ абатан кепехь ду, абат кхачаме хиларе терра, цхьана тайпанан кхачамалла а гойтуш.
дац дика а, оьзда а йолу зуда каро, ткъа иштта йолчу зудчун мах жовхӀарийн мехал а лакхара бу.11 Б аланаш хир бац ишттачух а тешна Ӏаш волчу майрачун, къелла бохург хӀун ду а хуур дац цунна.
12 В ониг шегара ца долуьйтуш, ша мел еха а, дика до цо шен майрачунна.
13 Г о иза, вета а, тӀаргӀа а лелош, шена лаа а лууш, шен куьйгашца цунах бедарш еш.
14 Д аима а, совдегарийн хӀордкеманаша санна, геннара дахьа цо шена рицкъа.
15 Е за иштта йолу зуда сатасале хьалагӀатта. ТӀаккха цо доьзална кхача а кечбо, шен гӀарбашашна дан деза омра а до ▼
▼«...шен гӀарбашашна дан деза омра а до» – я иштта: «...шен гӀарбашашна дала деззарг дӀа а ло».
.16 З удчунна латта лело дагадеача, и латта а оьцу цо. ТӀаккха цунах даьллачу беркатах кемсийн таьллангаш а дӀаюгӀу цо.
17 И штта, цо дукха къа а хьоьгу, цуьнан ницкъ а кхочу муьлхха а болх бан.
18 К ъеггина стогар летта хуьлу ишттачу зудчун буьйса тӀехтиллалц, ткъа ша ден гӀуллакх дикка пайден дуй а хаьа цунна.
19 Л акхара охьа цо шен куьг урчакхна тӀе а кхийдадо, цу урчакхан гӀад шен пӀелгашца схьа а лоцу.
20 М искачунна а, гӀо оьшуш волчунна а шен комаьрша куьг кховдадо цо.
21 Н ийсса шен доьзалехь оьшшучул тӀеюха йовха бедарш ша кечйина дела, Ӏаьнан шело тӀеярах а ца кхоьру иштта йолу зуда.
22 О цу зудчо шен цӀа чохь оьшун болу мотт-гӀайба а бо, цунна шена тӀехь а хуьлу дезачу кӀадинах йина бедарш.
23 П айденца гӀараваьлла дӀахӀутту ишттачу зудчун майра, иза лараме долчу гӀуллакхех лаьцна а дуьйцуш, къаношца гӀалин кевнехь хиъна Ӏачу хенахь.
24 Р езабеш эцархой, цо шаршуш а еш, уьш а юхку, доьхкарш а духку совдегаршна.
25 С ин оьздангалла а, доьналла а ду-кх цуьнан духар. Дегайовхо а йолуш, тешамца хьоьжу и зуда кханенга.
26 Т Ӏех хьекъал долу хӀума а олу цо, хьекъале хьехамаш бан а хаьа цунна.
27 У р-атталла, ша къа а хьоьгуш, баьккхина боцу кхача а ца боу цо, шен цӀахь долчуьнца бала а бу цуьнан.
28«Х ьо декъалниг ю», – олу цуьнга цуьнан бераша а, хьала а гӀовттуш, цуьнан майрачо а хестайо иза.
29 Ц уьнан майрачо иштта олу: «Дукха бу дика а, оьзда а зударий, амма хьоьга кхочуш царах цхьа а яц».
30 Ш а коча йолчу зудчо Ӏеха а во, хазалла а – сарралц бен яц. Ткъа хасто хьакъ долуш ю-кх Везачу Элах кхоьруш йолу зуда.
31 Ӏ ойла иза, цо динчу гӀуллакхашна цунна доггӀург наха дӀа а луш, ткъа оцу гӀуллакхаша гӀалин кевнехь сий а ойийла цуьнан.
Copyright information for
CheCAC2012