‏ Proverbs 7

1Сан кӀант! Сан дешнаш ларде, сан весеташ дагахь латтаде. 2Сан весеташ ларде, тӀаккха хьо вехар ву. Сан хьехамаш, йоӀбӀаьрг санна беза а хеташ, Ӏалашбе. 3Хьайн куьйган пӀелгех дӀадехка уьш, даг тӀехь дӀа а язде уьш. 4Хьекъалалле ала: «Хьо сан йиша ю!» Цундела кхетам а хьайн гергара бу ала. 5Цара ларвийр ву хьо хьайн йоцучу зудчух – эсалчу къамелашца левеш йолчу тилаеллачу зудчух.

Нахаца лела зуда

6Цхьана дийнахь со сайн цӀийнан корехула арахьоьжуш вара. 7Боданечу нахана юкъахь, кегийчу нахана юкъахь, хьекъал доцуш волу цхьа жима стаг гира суна. 8Иза, некъахула а вогӀуш, нахаца лелаш йолчу зудчун ураман маьӀигна улло а кхаьчна, цуьнан цӀенна тӀебоьду некъ боккхуш вара. 9Малх дӀа а буьзна, суьйре тӀееанера, бода булуш бара. 10Цу хенахь цунна дуьхьалйогӀуш яра и зуда. Цунна тӀехь кхахьпанан духар дара, иштта цуьнан къайлаха Ӏалашонаш а яра. 11(Иза чӀогӀа аз долуш а, аьрха а ю, иштта ша хиларна шен цӀахь соцуш а яц. 12Иза урамнекъашкахула а, майданашкахула а яьлла лелаш ю, некъийн хӀорра маьӀиг йолчуьра кӀело а еш.) 13И жима стаг катоьхна схьа а лаьцна, цунна оба а яьккхина, нисса цуьнан бӀаьргаш чу а хьоьжуш, цо элира: 14«Ас тахана бертан сагӀа даьккхина, сайна тӀедиллинарг кхочуш а деш. Со йолчохь оцу сагӀанах долу жижиг ду, 15цундела со хьуна дуьхьал араяьлла. Хьо лоьхуш лелара со, ткъа хӀинца схьакарий суна хьо. 16Ас сайн метта тӀе исхарш тесна. Мисар-махкара деана тайп-тайпанчу басахь долу кӀадеш ду уьш. 17Аса сайн метта тӀе духӀиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а тоьхна. 18Вало, Ӏаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Ӏийр ду вайшиъ, 19хӀунда аьлча сан майра цӀахь вац: иза беха некъ бан араваьлла. 20Цо шеца ахча чохь долу бохча схьаэцна, цундела иза бутт буьзча бен цӀа вогӀур вац». 21Къарвечу дешнашца и жима стаг къарвира цу зудчо. Шен эсалчу къамелца иза цуьнга Ӏеха а велира. 22Иза цу зудчунна тӀаьхьахӀоьттина вахара, урс хьакха дӀабуьгуш болу сту ма-баххара, гур чу воьду сонтаниг санна, 23шен доӀахах суй санна кхуссу пха чекхбаллалц. Иза вара речӀанна тӀедоьдуш долу олхазар санна – иза ца кхетара шен дахар Ӏожаллин кхерамехь хиларх.

24Ткъа хӀинца, сан кӀентий, соьга ла а догӀа, аса бохучун тидам а бе. 25Ишттачу зудчун некъаш тӀе ма дерзийта шайн дегнаш, цуьнан некъаш тӀехь тиладелла ма лела. 26Дуккха а нах цо эгийтина, цо хӀаллакбинарш барам боцуш бу. 27Цуьнан цӀа – эхарте кхачаво некъ бу. Оцу некъо Ӏожаллин меттиге дӀавуьгу.
Copyright information for CheCAC2012